ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къарйийр яц бокс коронавирусо


…Вай доьлу нохчийн кегийрхой дукха хьолехь доьналла, майралла, могашалла гойтучу спортанна тIера хиларх. Иза-м хазахетарца деш хуьлура вай! Европа а, Америка а яьккхина бу нохчийн охьатохархлатархой, боксераш, спортан массо а «ницкъаллин» кепашкахь. Боксан клуб ю Ниццера «Легион» а. Дуккха латархой кхиийна Францина, кхачийна мехкан а, Европан а толамашка оцу клубан тренеро Асхапов Мохьмада. …Бакъду, «ловзар ду массарна дерг» - тахана коронавирусо юкъахбаьккхина Мохьмадан а, «цуьнан берийн» а болх. Амма шеко яц Асхаповн шаьш кестта шайн езачу спорте юхадогIург хиларх.

XS
SM
MD
LG