ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадан коронавирус 


Оьрсийчоьнан тIеман министр Шойгу Сергей Димаьшкъахь цхьанакхетта Асад Башарца, бетах масканаш а йоцуш. Заздоккху-беттан 23-гIа де.
Оьрсийчоьнан тIеман министр Шойгу Сергей Димаьшкъахь цхьанакхетта Асад Башарца, бетах масканаш а йоцуш. Заздоккху-беттан 23-гIа де.

Материал язйина "Свобода" Радион корреспонденто Гостев Александра

COVID-19 пандеми яьржинчу юкъанна дуьненчуьра дуккха а хиламаш дIатеттина, ишта Шемара тIом а цхьана. Димаьшкъан официалан хьосташа бахарехь, пачхьалкхехь 10 гергга стаг бен вац цомгуш хилла, ткъа царех 2-3 велла. Беркъаяьккхинчу, кескаш йинчу, тахана а тIемаш совцазчу, мухIажирш дIасауьдучу, 90 процент бахархой лоьрашна тIекхача аьтто боцчу пачхьалкхехь, кхин коронавирусан ун даьлла стаг вац бохург шеконе хета. Мел кхерам бохьу шеца инзаречу эпидемино Шемахь? Цигахь яьржина, тарлой иза гонахарчу пачхьалкхашка кхача, ишта Европе дехьаяла а?

Асад Башаран режимо пачхьалкхехь эпидеми яржарх ма-дарра дуьйцуш ца хиларх цхьа а шеко яц массеран а бохург санна, коронавирусца къийсам латточу дуьненчуьрчу организацийн а, говзанчийн а.
Дуккха а бахьанаш ду ишта тардала а.

ТIаьххьарчех ду ала дац, официалан Димаьшкъан ГIажарийчоьнца долу чIогIа гергарло а. Ткъа и пачхьалкх вирусо къаьсттина зенаш динчу пачхьалкхашлахь ю. Йоллу Гергарчу Малхбалена а, Шемахь а, шемахойн мухIажирша каппаш тоьхначу луларчу Туркойчохь а, Урдунехь а, Ливанехь а коронавирус яржар, юха а пачхьалкхна а, цуьнан бахархошна а Iаламат зене кризис хилла дIахIуттур ю.

Карарчу кIиран юьххьехь ООН-ан инарла секретаран Шемарчу гIуллакхашкахула волчу леринчу векало, норгхойн дипломато Педерсен Гейра юха а дIахьедира, эпидеми оцу пачхьалкхе лалур яц аьлла, боккха кхерам лаьтта.

Цо дагадаийтира, хьалхо ООН-ан серетаро Гутерриш Антониуса оцу бахьанашца дуьненчуьрчу тIемаш лаьттачу мехкашка герзаш совцаде аьлла, кхайкхамбарх.

"Ас доьху, катоххий Шеман йоллу территори тIехь беш болу тIемаш совцабе, коронавирусна дуьхьал къийсам боло таро хилийта", - аьллера Педерсена, 9 шарахь дIабоьлхучу тIемаша Шеман могушаллаIалашъяран йоллу бохург санна система хIаллакйина аьлла, билгалдоккхуш.

"Шеман ницкъ тоьар бац пандемица къовса, хIунда аьлча, адам тIамах дедда лела, даьржина. Цара хан йоккхучу каппашкахь а гIад дайна хьелаш ду, ишта набахтешкахь а кхерам лаьтта. Вирусна бен-башха дац, шу Димаьшкъахь Iедалхоша шайн карахь латточу кIошатшкахь дехаш хилча а, я цул а арахьа делахь а. Цо къестамаш ца бо. Боллу шемахошна кхерам бу цуьнгара", - аьлла леринчу векало.

Шеман могушаллин министро Язиджи Низара дукха хан йоццуш дIакхайкхийра, "COVID-19 вирусах шайн пачхьалкх маьрша" ю аьлла. Ишта цо хестадора Асадан эскарш "пачхьалкх микробех дIацIанъярна" - ша юьйцург адамашна йина репрессеш а, Димаьшкъан режимна дуьхьал болу нах байар а дуйла диллина къада а деш.

Шемахь коронавирус яржарца доьзна тахана хезочу кхерамех дийцира политолога Магид Михаила "Свобода" радиоца хиллачу шен интервьюхь:

- Байначу беттан тIаьххьарчу деношкхаь Асад Башаран Iедалхоша пачхьалкхехь карантин кхайкхийра. Ткъа йоллу Шема ма яц церан долахь, 65 процент хила тарло. Карантин кхайкхийна Димаьшкъахь а, цхьа могIа кхечу кIошташкахь а. Цигара кхочу хаамаш бакъ белахь, шахьарахь мел а ларъеш ю карантин, урамашкахь гуш нах бац. Iедалхоша хьоьху бахархошна, цара дан дезачух а, хIунда мегар дац арах лела а. И бохург ду, мел а карантинан низамаш лардан гIертар.

- Ткъа 9 шарахь тIеман конфликт лаьттачу Шеман медицина муьлхачу хьолехь ю?

- Экспертийн зерашца, тахана Шемахь йолу могушаллаIалашъяран система - тIом болабалале церан хиллачух йисина 40 процент ю ала тарло.

Шемарчу медицинано, ма дарра аьлча, цкъа а кхи дIоггара лакхенаш яьхна ца хиларна, (ала тарло дукхахйолчу Iарбойн пачхьалкхашкахьчул а гIоле -м яра), Асадан ницкъ бац бахархошна гIо латтон.
Масала, Пакистанан векалша дукха хан ю-кх, цигара цомгуш нах бу шаьш долчу цIа оьхуш, бохуш дуьйцу.

Ишта информаци ю, Шеман доллу эскар а йовхарш етташ, цомгуш ду аьлла. И хаамаш Iорабевлча, Димаьшкъас цIеххьана демобилизаци йолийра, тамашен делахь а. ТIеман дараш цхьаццайолчу кIошташкахь совцийна а доццушехь, салтийн цхьа дакъа цIа хьажийна. Ткъа муха йиш ю, билггал COVID-19 цамгар цаьрца юй хаа?

Медицинан тестийн къоьлла ю Шемахь. Тарло царна кхеттарг ша грипп хила а. Делахь а, дикка хьалха дуьйна Шемахь коронавирусан инфекцин симптомашца нах бу бохуш, хаамаш кхочура.

- Йоллу регионехь ГIажарийчоь яр-кх дуьххьара инфекци яржийначех. Асад Башаран Iедалан, гIажаройн бахархой шайн чохь ца бита таро цахиларна, Шемана тIеIаткъам хиллий-те? ГIажарой боцуш Димаьшкъан раж йожа там бу?

- Шемахь шортта бу гIажарой. Цкъа делахь, "Ал -Къудс", «Исламан революцин гIаролхойн» Ницкъаш бу уьш, вийначу буьйранчас, инарлас Сулеймани Касема жоп луш хилла. Цу кепара масех эзар тIемало хила тарло Шемахь. ШолгIа делахь, иттаннашкахь эзарнаш кеп-кепарчу шиитхойн боламашкара тIемалой бу, ОвхIанистанера, Иракъера, Ливера "милцой", уггар хьалха "Хезболла", и йоцурш а ю кхин а.

Асад Башар шен эскархошца
Асад Башар шен эскархошца

Цул совнах, Асадан эскарехь сов лакхара позицеш дIалаьцна бу гIажарой. Цу тIехула тIе, Шемахь болх беш ю гIажаройн тайп-тайпана йохка-эцаран компанеш а, коммерцин фирманаш а. Оцу дерригено а гойту, коронавирусан эпидеми сацон аьтто хир боций. Регионехь ГIажарийчоь эпицентр лоруш ю оцу цамгаран.

- Оьрсийн эскархошлахь коронавирусан инфекци яржа магара аьлла, мел лакхара го хьуна кхерам, ?

- ГIажаройн ницкъаша лаьттахула операцеш кхочушъеш хиларх, Оьрсийчоьнан тIеман-космосан ницкъаша хIаваэхула кхочушйо Асадан операцеш.

ХIаъ, ишта-м Димаьшкъехьа лаьттахула лелачарлахь а ду оьрсийн эскарш. Со эпидемиолог вац, делахь а, ойла йича, кхеташ ду-кх, оцу дакъойн гIажарошца уллора уьйраш хуьлуш хиларна, ун дала кхерам хилар.

- Ткъа хIун хьал ду хIинца, Асада контрол ца латточу кIошташкахь, масала, курдоша дIалецначу Идлибан гонах, я къилбехь а, къилба-малхбузехь а? ООН-о кхайкхийна маслаIат лардой цигахь?

- Курдойн кIоштех аьлча, цигахь, Димаьшкъахь а санна, байначу беттан 20-чу дийнахь дуьйна кхайкхийна карантин ю. Шайн ницкъ мел берг до курдойн автономин администрацино, коронавирусан инфекци ца яржийтархьама.

Делахь а, медицинаца дерг ледара ду цигахь а. Асадна ГIажарийчоьно гIо деш ду, ткъа церан регионаш блокадан хьелашкахь ю. Уггар а дала тоьхна ситуаци ю Идлибехь. ХIунда аьлча, кхо миллион стаг ву цигахь. Царех 1,5 миллион, Асадах бевдда баьхкина пачхьалкхан тайп-тайпанчу регионашкара мухIажирш бу.

Дукхахберш яккхийчу каппашкахь четарш чохь хан йоккхуш бу. Цу тайпа каппаш курдойн кIошташкахь а ю, амма кегий ю. Идлибехь миллион сов стаг тховкIело йоцуш хан йоккхуш ву, цигахь санитарин хьелаш дац лардеш, лоьраш бац.

Ша ма ярра бомба ю и кIошташ. Нагахь санна, эпидеми цига кхачахь, тIаьхьало дукха ирча хир ю цуьнан.

МаслаIатах дерг аьлча, лардеш дац цуьнан низамаш. ТIетаьIIина тIемаш Идлибан зонехь дIахьош бацахь а, кест-кеста герзаш детта цигахь, Асадан ницкъаша шайна дуьхьалъевллачу меттигерчу тобанашна тохарш до.

- Дуьненаюкъарчу бакъонашларъяран а, медицинан а организацеша а, институташа а билгалдоккху, Шемахь контрабанда кхуьуш ю герз а, мехкадаьтта а луларчу пачхьалкхийн дозанашкахула дехьа а доккхуш, бохуш. Цо мел а кхерам латтабо. Ткъа Асад, суна хетарехь, цаьрца къийсам латтош вац, я латтон дагахь а вац.

- Официалехь Шемахь лелаш низамаш ду контрабандана дуьхьал. Делахь а, со кхеташ вац, уьш цара муха кхочушдийр ду. Нагахь санна, АсадгIара и дахь а, экономикан катастрофа эккха бахьана хила тарло цунах. Луларчу пачхьалкхашца - Ливанца а, Урдунеца а, Туркойчоьнца а лелош йолу контрабанда бахьана долуш, миллионашкахь шемахой хене буьйлуш бу. Бакъду, оцу хьоло Шемахь коронавирусан эпидеми яржон там бу.

- Ткъа Туркойчоьнна территори тIехь болчу, Шемару миллионашкахь мухIажирша COVID-19 вирус кхин тIе а Европе кхачор ю аьлла хетий хьуна?

- Европе дIагIерта мухIажирш совцон некъаш лоьху тIаьххьарчу кIиранашкахь Хонкарас. Ала догIу, резонансе даьлла, тIаьххьара ЭрдогIан Реджепан Европан пачхьалкхашка "мухIажиршна экспорт" ян гIортар, Iаламат говза дина хIума дара. Ишта говза юкъахдаьккхира и гIуллакх. Автобусашкахь Туркойчоьно мухIажирш дозане дIакхетабора, цигарчу дозанхоша маьрша дехьабовлуьйтура, юкъ-кара царна гIо а деш, доза хадош.

ЭрдогIанан инициатива шина проблемех Iоттаелира. Цкъа делахь, гучуделира, оцу нахах цхьаберш башха дIабаха лууш а цахилар Туркойчуьра. Цигахь дIатарбелла, болх-некъ карийна, хIусам нисйина Iачу мигрантийн лаам бацара регионера дIабахана, хьеший шийла тIеоьцучу Европе кхача.

ШолгIа делахь, ишта къаьстира, Европе дехьабовла луучех дукхахберш шемахой ца хиллера, тIаьххьарчу хаамашца, Иракъера а, ОвхIанистанера а, кхечу къаьмнийн а векалш хиллера уьш.

КхоалгIа аьлча, Желтойн махко дика дIакъевлина Туркойчоьнца лаьтта шен доза.

Шемара оьрсийн полици
Шемара оьрсийн полици

Цундела, Желтойн махкаца юкъаметтигаш талхаран бахьанашца а, шолгIа аьлча, дукхахболу мухIажирш-шемахой туркойн пачхьалкхера арабевлла, Европе баха лууш ца хиларца а, Туркойчоь декхаре хилира карарчу хенахь операци юкъахъяккхина, шен дозанаш дIакъовла. Ткъа кхин дIа хиндерг замано гойтур ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG