ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бошмаш дIаен гIо дийр ду Нохчийчоьнан Iедало - Кадыров


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчуьрчу бахархоша шайн бошмаш дIайийча дика хир дара, аьлла дIахьедар дина республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу гIуллакхо гIо дийр ду аьлла хета цунна, нахана кхачанан сурсташца кхачо ян.

"Шайн долахь болчу гӀоьналлин бахамна тIе тидам бахийта беза. Цхьа а беш йита мегар дац дIаеза, стоьмийн бешаш къепе яло еза. Цунна хан йолуш ю. ТIедожийна кхеторан болх бан массанхьа а", - яздина Кадыровс, хаам бо "Нохчийчоь тахана" зорбан гIирсо.

Кадыровс дийцарехь, Iедало кийча ду оьшучарна ден хIуш дала, нагахь уьш шайн бахам кхион лууш белахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG