ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: "Мишустине информаци нийса ца кхачайо"


Оршоьтан сарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Телеграмехула тидаме эцна Оьрсийчоьнан премьер-министра Мишустин Михаила, федералан низамаша шайна магош доцург дан, мехкийн дозанаш къийла бакъо яц регионийн куьйгалхойн, аьлла, дина къамел.

"Оьрсийчоьнан Iедалан куьйгалхочо – Коронавирусца къийсам латточу координацин кхеташонан куьйгалхочо Мишустин Михаила регионашна юкъара дозанаш къийларх лаьцна къамел дина. Оцу хьокъехь сайна хетарг ала лаьа суна. Цхьацца хьесапашкахь дехкарш ду иттаннаш мехкашкахь юкъадаьхна. Ткъа цо хьахийнарг Нохчийн Республика елахь, сан ала ду, цуьнга нийса дIа ца кхачайо информаци», - яздина Кадыровс.

Цо чIагIдо, ша цкъа а ца аьлла дозанаш дIакъовларх лаьцна, ца къевлина уьш транзитан транспортна, Соьлж-ГIалахь «цкъа а ца бина логистиканна негативе боьрзур болу сацамаш».

«Хьахийнарг Нохчийчоь елахь, суна хатта лаьа Мишустин Михаиле, стенгара ю и информаци, стенна ца теллина, оха кхузахь хIун болх бо?» - хоьтту Кадыровс.

Мелхо а, «инфекци чу ца кхачийта а, махкара ара ца ялийта а» гIерта ша, амма буьтур бац Нохчийчу цигара боцу нах, боху цо.

Оршоьтан Iуьйранна Оьрсийчоьнан премьер-министра дIахьедира, регионашна юкъара дозанаш дIакъийла бакъо яц губернаторийн, мехкийн куьйгалхойн, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG