ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карантин а, хIусамехь ницкъбар а: дукха хир буй-те бала хьоьгурш?



Материалан автор ю Волкова Алиса /"Кавказ.Реалии"/

Доллу дуьненчуьрчу статистикано гайтарехь, коронавирусан уьнах адамаш далар лахделла, амма кхи зуламаш дуьйладелла: хIусамехь ницкъбар.

Китайхь а, цхьа могIа Европерчу пачхьалкхашкахь а къаьсттина
дукха меттигаш хаабелла, доьзалехь гIело латтош.

Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Кастанер Кристофа Заздоккху-беттан 27-чохь билгалдаьккхира, шайн пачхьалкхехь доьзалехь ницкъбар 32 проценте даьлла, ткъа Парижехь - 36%.

Counting Dead Womenпроект юкъаяьккхинчу Смит Ингалас дуьйцу, тIаьххьарчу шина кIиранчохь Великобританехь хIусамехь 8 зуда йийна хилла, цул совнах, кхин а 4 зуда ялар а хила тарло тIехь гIело латторца доьзна аьлла.

"Горячая линия" аьлла, доьзалехь нцкъбечарна орца даккха схьайиллинчу зIенехула тIаьххьарчу шина кIиранчохь
орца дехнера 12, 5 процент бахархоша, ткъа Кипрехь 30 процент ду церан терахь.

Оьрсийчохь кху деношкахь зорбанашкахь дийца даьккхира Подмосковьерчу хIусамехь шен хилла зуда йийна цхьана вахархочо аьлла. И цхьа инцидент ю. Делахь а, Красноярскехь хIусамехь гIело латтийначарна гIоьнна йиллинчу "Верба" центре латкъамаш бина дукха зударша, гIо доьхуш.

Къилбаседа ХIирийчохь цкъачунна тапъаьлла ду. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло билгалдаккхарехь, "дерриг а дика ду, безам а, барт а бу".
Зударшна лерина "Хотае" юкъараллан боламан куьйгалхочо Бекоева Агундас а боху, цкъачунна зударшкара аьрзнаш совдуьйлу олийла дац шайн.

"Карантин йоцчу заманчохь а дукха латкъамаш бора тхоьга, хIунда аьлча, хIара проблема сезонашца гучуйолуш ма яц, гуттар а лаьтташ ерг ю. - "Маьршачу" хенахь а дукха телефонаш етта тхоьга. ХIара санначу жимачу регионна дукха аьрзнаш до. Кхечу пачхьалкхийн зерашка ладоьгIча, кхузахь а инциденташ хир ю аьлла, хета тхуна. Карантинан раж чIагIйина, гойтур ду-кх хено хиндерг".

Психологаша чIагIдарехь, карантино мелхо а юкъаметтигаш чIагIйийр ю, нагахь санна, оцу доьзалехь безам а, марзо а хиллехь. Ткъа барт ийгIинчу хIусамехь кхин тIе а эгIор ю юкъаметтигаш.

"Кху карантино гучуйохур ю доьзалера бакъйолу юкъаметтигаш, - дуьйцу "Кавказ.Реалии" портале психолога Текоева Залинас. - Нагахь зудчунна а, майрчунна а юкъахь кхетам, коммуникаци хиллехь, церан барт кхин а тIе чIагIлур бу. Хаамийн гIирсаша яржон негативе информаци вайна чохь гулло, тIаккха цхьанхьа яхьа езий иза. Барт боцчу хIусамехь хала ду информацин атака лан. Царна ца хаьа паргIат къамел дан, агрессица болу нах шайца чохь болчаьрца девне буьйлу. Шайн стрессана дан хIума а ца хуьлий, цара доьзалехь яржайо и".

Говзанчас бахарехь, кхузахь цхьа некъ бу - негативан информацех лардалар: "Цу тайпа нах карантинехь латтабойла дац, ткъа тахана дуьне а чудоьллачу кху хьолехь, цхьанна а ца хаьа хIун дан деза".

Оцу юкъанна, бакъонашларъяран "Зона права" организацино хIинцале а схьайиллина "Горячая линия" аьлла, зIе. Кху муьрехь изоляцехь бахкочарна, доьзалехь ницкъбина меттиг нислахь а аьлла. Маьхза юридикан гIо латтон тIелаьцна цара, гIо оьшучарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG