Материал кечйинарг "Кавказ.Реалиин" автор Пейсахова Анна
Австрехь ехачу Оьрсийчоьнан яхархочун Маркова Ольгин гIуллакх толлур долуш ду Нохчийчуьрчу Шелан кхелехь. Шен 10 шо долу Ясин а, 9 шо долу Ильяс а шен хIусаме верзо гIерта иза.
2014-чу шарахь шина кIентан дас, Нохчийчуьра схьаваьллачу Магомадов Сайд-Хьасана, нене хаьттина хIума а доцуш, шина кIантаца жимма волавала воьду ша аьлла, иза Iеха а йина, Брегенц гIалара дIавигинера и шиъ. Шен дай баьхначу Дубин-Эвлахь ваха хиира иза. ХIетахь дуьйна нанна я гина а, я хезна а вац шен ши кIант. Марковас дуьйцу, жимахверг цу хенахь вакхош вара шен бохуш.
Цо дийцарехь, Шела кIоштан кхело бух боцуш ненан бакъонех яьккхина иза. Магомадов лоьхуш ю Австрин полици. Ткъа цо чIагIонаш йо, алименташ ца дала, нана къайлаяьлла бохуш.
Нохчийчуьра мухIажир Нохчийчу ведда вахана
2009-чу шарахь Австри ша деша еанчу заманчохь вевзинера боху Марковас шена, мухIажиран статусехь хилла Магомадов. Нохчийчуьра шен идеологеш бахьана долуш вада везнера ша аьлла, дIахьединера цо.
Бусулба дин тIеэцна зудчо, динехь мах а бинера цу шинна юкъахь. ШолгIа доьзалхо дуьненчу ваьллачул тIаьхьа юкъаметтигаш телхира церан. Мах а луш, лаьцначу хIусам чохь дIатарбинера цо, хIетахь Нохчийчуьра тховкIело йоьхуш, еана шен нана а, йижарий а. Марковас дуьйцу, шех лата волавеллера иза, даим девнаца хуьлура, кхерамаш а туьйсура шена, бераш схьадохур ду бохуш.
Цунах дIакъаста сацамбира цо, бераш ненаца дисира. Кест-кеста хIара йолчу чу а лелхаш, кхерамаш туьйсура Магомадовс берийн нанна. Марковас боху, ша дуьхьал яцара дена ши кIант гайта, цкъа а аьрзнаш а ца динера ша цхьанхьа а.
2014-чу шарахь аьхка бераш лачкъийна, дIадигира дас. Цу дийннехь полицига хаамбира Марковас. Амма аьтто ца белира, я бераш карон а, я церан дех дарг хаа а. Масех кIира даьллачул тIаьхьа Брегенцехь гучувелира Магомадов юха а, амма ша цхьаъ вара иза. Прокуратурано бехк кховдийра цуьнга, бераш лачкъийна аьлла. Ишта кхеле кхайкхира иза, ден бакъонаш дIаяха Iалашонца.
Шозза дуьхьал хилира Магомадов кхелан кхеташоне ван, цул тIаьхьа пачхьалкхера дIавахара иза. Полисхоша хIоттийначу протоколехь яздина ду ишта (копи редакцехь ю).
Австрин кхело берийн доладен бакъонаш дIаяьхначу хенахь, иза-м Нохчийчохь хиллера шен шина кIантаца. Австрерчу цуьнан адвокато бира и хаам.
Нохчийчуьра жоп: ненера бакъонаш дIаяьхна
Брегенц гIалин кхело 2014-чу шеран аьхка, суьдхочо Фрик Александера куьйг яздинчу, сацам тIехь боху: "Берийн дахар аьхна хилийтархьама деца а, ненаца а уьйр хила еза, нагахь санна, царех цхьангара берашна кхерам бу аьлла, меттиг бацахь. Ненаца ши кIант Австрехь висахь, берийн дахар паргIате хир дара, ден бакъо хир ю, шен берийн Iуналла дан, ненера схьа а ца бохуш уьш. Кхело тIедожийна дена, некъаца дIасадуьгу берийн кехаташ схьадалар". Ишта хьесап дина, Магомадовгара алименташ даха а.
Цунна жоп кхечира Нохчийчуьра 2014-чу шеран гурахь. Маркова Ольгера ненан бакъонаш дIаяьхна шаьш, алименташ цунна тIе а эгийна аьлла. Цу документах Австрин кхелахоша пайда ца ийцира, цу тIехь дерг бакъ хиларх шайн шеконаш кхоллаяларна.
Шеларчу кхелахочо Хумигов Адама куьйг яздинчу кехат тIехь аьлла ду, Нохчийчохь Чири-Юьртахь шеца цхьана ехаш яра Маркова, ткъа 2013-чу шарахь дIаяхначул тIаьхьа, берашца бала хилла яц иза аьлла. Марковас дийцина "Кавказ.Реалиига", ша Нохчийчохь цкъа а хилла а яц, я Шеларчу кхелера цхьа кехат шега кхаьчна а дац аьлла.
Шен берийн дахарца бала хилла ца Iаш, ша тIаьхьий-хьалхий дукха кехаташ кхехьийтина боху цо Оьрсийчоьнан урхаллашка, бераш схьадоьхуш. Доллу цуьнан дехарш Нохчийчу хьежадора, ткъа цигара жоп кхочура зудчуьнга: бераш деца ду олий.
Стохка аьтто хилира Маркован кхелера кехаташ каракхача а, Нохчийчохь адвокат лаца а, гIуллакх листар юха карладаккха а. Ишта хиъна цунна, шен ши кIант Дубин-Эвлахь вехаш вуйла а, меттигерчу школехь доьшуш хилар а. Школера деана жоп а редакцин карахь долуш ду.
Кхелан "документаш"?
Чири-Эвларчу МагомадовгIеран Iер-дахаран хьелех хIоттийначу актехь яздина ду, Магомадов Сайд-Хьасанан нана Магомадова Зина, берийн денана, цу юьртахь берашца цхьана ехаш ю аьлла. Ткъа Марковас чIагIдо, 2011-чу шарахь дуьйна, Iедало тховкIело а елла, Магомадова Австрехь ехаш ю бохуш.
Шелан кхелан кхеташонан протокол тIехь яьккхина, кIоштарчу берашна тIехь Iуналла дечу хьукматан коьртачу говзанчан Усманова Малканан цIе.
"Суна бевза хIара доьзал, цаьргахь хилла а ю со. 2013-чу шарахь дуьйна дIаяхана берийн нана, кхин гучуяьлла яц", - дIахьедина Усмановас.
Цуьнан дешнаш бакъ ца до Австрерчу кхелахойн документашца, масала, 2013-чу а, 2014-чу а шерашкахь берийн дарбан хIусамехь деллачу кехаташа. Цигахь дарба деш, хан яьккхина нанас шен шина кIантаца.
Марковас шен апелляцин латкъам тIехь дехар до, шегара ненан бакъонаш дIайохуш бина сацам юхабаккхахьара аьлла, хIунда аьлча, бух боцуш тIеэцна сацам хиларна. Дас дуьйцург чоьте а эцна, дина хьесап ду иза боху нанас. Ишта Марковас бахарехь, шен берийн дола деш вац да, генарчу гергарчу нахана тIетийсина цо бераш.
Карарчу бутт юккъе баьлча хир ю аьлла, кхайкхийна яра Маркован апелляци бахьанехь кхелан кхеташо, амма коронавирус бахьана долуш, белхан денош юкъахдаьхна хиларна, цхьана ханна дIатеттина кхелахоша гIуллакх листар.
"Кавказ.Реалиин" корреспондентан зIе хилира Магомадовца. Марковаца тасаделлачу гIуллакхах хаьттича, лаам бац шен нахала а вуьйлуш, цунах лаьцна дийца элира цо.
"Цхьа кхин тема лахийша. ХIара материал башха дика нислур яц. Сан исторех а, сан доьзалх а цхьана а агIор дийца оьуш яц. Нагахь санна, аш цхьаъ яздахь а сох лаьцна - эладита дийцар хир ду и. Бакъ ду, я дац а ца хьожуш, шена хеттарг мегар дац яздан а, нахала даккха а. Бераш Iен долу меттиг ас къастийна ю, реза воцчо соьца къовса деза, интернетехь а ца яздеш", - дIахьедина Магомадовс.
Австрехь шен вахарх динчу хеттаршна, жоп ца делира цо.