ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Оханан-беттан 6-хь Кремлехь гайтина телеканалаша. Амма шеконехь ду иза цигахь хилла хилар


Путин Владимир
Путин Владимир

Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира ша-шен изоляцин раж ца йохийна, оршотан дийнахь Кремлехь вице-президентца Трутнев Юрийца а, Генара Малхбале а, Арктика а кхиорехула министрца Козлов Александрца а цхьаьнакхетарца. Цунах лаьцна ТАСС агенталле дIахьедина зорбан секретаро Песков Дмитрийс, яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.

Амма Козловс цу цхьаьнакхетарехь дийцинчо гойту иза, оршотан дийнахь а доцуш, цул хьалха хилла хилар.

Кремлан сайта тIехь аьлла ду, цхьаьнакхетар Оханан-беттан 6-хь хилла. Оццу хенахь цуьнах лаьцна шайн эфирашкахь дийцира телеканалаша.

Кремлан сайта тIехь церан къамелаш довзуьйтучу текстехь гуш ду Козловс Путине ша Забайкальерчу Каларан кIошта вахарх лаьцна дийцина хилар. Ткъа иза, министро дийцарехь, "хиллера дIадаханчу кIиранах". Ма дарра аьлча, Козлов цига ваханера Зазадоккху-беттан 13-хь. Цунах лаьцна хаам бу цо куьйгалла дечу министраллан сайта тIехь.

Зазадоккху-беттан 13-л тIаьхьа "рогIера кIира" хилира кхо кIира хьалха.

Путин Москвара араваьлла цхьанха вахана, цуьнан сайто дуьйцуш ма хиллара, Оханан-беттан 18-хь. Цхьа а тоьшалла дац президент цхьаьнакхетта хиларх лаьцна керла хIиттийначу Камчаткан а, Комин республикан а, Ненцойн автономин гонан а, Архангельскан кIоштан куьйгалхошца.

Iедалан декъашхошца а, векалшца а тIаьххьара шен кхеташонаш Путина дIаяьхьира видеокоференцин рожехь. Цуьнца цхьаьна Песковс чIагIдора цу рожехь Путин болх беш волу лаххара а цхьа кIира ду бохуш.

Кхин нах уллехь а болуш, президент тIаьххьара гучувелира шен Ново-Огарёверчу резиденцехь Оханан-беттан 26-хь. Москвахь Зазадоккху-беттан 24-хь иза хилира коронавирусан ун кхетта нах тIеэца кечйинчу Коммунарка кIоштарчу дарбанан цIийнехь.

Путин дарбанан хIусамехь хилла кIира даьлча хиира цу клиникан коьртачу лоьрана Проценко Денисана коронавирус хьакхаелла хилар.

Цул тIаьхьа Песковс хаам бира, цу гIуллакхо адамашца цхьаьнакхетар юкъахдахийтина хиларх лаьцна. Оршотан дийнахь гайтинчу видеона тIехь Путин куьг делира цхьаьнакхетаран декъашхойх хIоранга а.

Оханан-беттан 1-чохь цуьнан зорбан-секретаро дIахьедар дира, Путин хIинца цхьанге а куьг ца ло аьлла. Ткъа хIинца, цхьаьнацадар кхетош, Песковс дуьйцу, Путин шен лаамехь ву, шена луучуьнга куьг дала бохуш.

Шинарин дийнахь, Оханан-беттан 7-хь Путина кхеташо дIаяьхьира телеконференцин форматехь. Иза дагавелира говзанчашца-вирусологашца.

  • Кремло даима а гойту хьалххе дIаязйина видеош, президенто Iедалхошца хIинцца дIаяьхьна уьш йолуш санна.
  • 2015-чу шарахь Путин 10 дийнахь балха ара цавелира, амма цуьнан зорбанан сервис моттуьйтуш яра, цо белхан мероприятеш дIахьош хилар, яздора РБК-но.
  • Президентан администрацин белхахой кеп хIиттош бу 67 шо долу Путин цкъа а садоIуш вац, ткъа цунах лаьцна дуьйцучу журналисташна иза баккъалла а ца гича а дац хIумма а бохуш, яздора президеньан балхах лаьцна хаамаш бар теллинчу "Проект" зорбан гIирсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG