ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Хьо леш хиларх – лор вогIур вац хьуна тIе"


Микулич Надежда
Микулич Надежда

Материал кечйина "Настоящее Время" телеканалан корреспонденто Соусь Аннас

Коронавирусан ун даьллачу "Верасы" ансамблан йишлакхархочо дуьйцу, Минскехь дарбан хIусамашкахь лоралла дарх.

Беларусин хьакъйолчу артистах, Советан заманахь гоьяьллачу "Верасы" ансамблехь йиш локхуш хиллачу Микулич Надеждех коронавирус хьакхаелла, Минскехь лазартнехь дарба деш ду цунна. Шина а агIор пневмони ю цунна кхин тIе а. Беларусин "Свобода" Радиога цо ша бина шех лаьцна хаам.

Цо дийцарехь, коронавирус юй хьожуш, анализ цуьнан цIийндегара Белый Борисера а цхьана эцна хиллера. Микулича бахарехь, иза а дарбан хIусаме охьавилла там бу. Байначу беттан 23-чохь дуьйнна ю ша боху зудчо могуш йоцуш.

"ТIаьххьарчу деношкахь Iаламат хала дара садаIа. Урамехула со дIайоьдучу заманчохь, хIаваъ ца тоьара суна, - шегарчу симптомех дуьйцу артисто. – ТIаккха температура хьалаелира сан, гIора эшнера дегIера, гуттар а наб оьхуш яра со. Цхьа бодъеллер-кх со, массо а хIуманах чам а баьлла".

"Антибиотикашца дарба дора оха, дегIан температура а лах ца лора. Ас сайна рентген яхьара аьллера. Цо гайтира, суна дагахь а ца хилларг, - дуьйцу йишлакхархочо. – ШолгIачу дийнахь компьютеран томографи йира суна, цо шина а агIор пневмони хилар гучудаьккхира".

Шоьтадийнахь, Охан-беттан 4-чохь Минскерчу лоьмар 2 йолчу дарбан хIусаме кхачийра иза. Охьайиллале хьалха коронаиврусан тест йира цунна:

"Оршотдийнахь телефонехула хаам бира соьга, коронавирус ю аьлла. Цул тIаьхьа лоьмар 6 йолчу лазартне дIакхачийра со. ХIинца шина а агIор пневмони а, коронавирус а ю боху. Дарбанаш лелош ю со, - дийцина Микулича. – Амма садаIарна хала ду суна хIинца а".

Шеца цхьана Iохкуш мел болу нах, коронавирусан инфекци яьлла бу боху йишлакхархочо.

"Хетарехь, хIара лазартне оцу цамгарца болчарна аьлла, кечйинчух тера ду. Луларчу палати чохь волу стаг кхул хьалха шина дарбан цIийнехь латтийнера. Цул тIаьхьа кхуза схьавалийна иза а. Цхьа йоккхо зуда ю кхузахь, селхана суьйранна 3-чу дарбан цIийнера схьаялийна. Тхо массо а изоляцехь латтош ду. Массо а палаташ къевлина ю. Вовшашца контакт а яц. Ванни чу бен ваха йиш а яц".

Микулича дийцарехь, лоьраша а, лорйижаршца шайн ма-хуьллу кIезиг къамелаш до цомгашчу нахаца:

"Катуххий шайн гIуллакх а дой, бовдий дIабоьлху уьш. Лорйиша хуучу меттигехь охьадиллина кехат хуьлу, цуьнан телефонан лоьмар тIе а язйой. Цхьа гIуллакх Iотталахь - телефон тоха йиш ю."

Цхьа проблема яра, масала. Йоккхачу стеган дагна вон хиллера. Оха маса телефон туьйхира лорйишига. 40 минот яьллачул тIаьхьа бен ца кхечира иза, - дуьйцу Микулича. - Хьо леш хиларх кхузахь, я лор а, я лорйиша а тIедогIур дац хьуна!"

ХIинца мел а гIоле ю шена боху цо, делахь а цIийнда цомгуш ву цуьнан, цунах дерг билггал хууш дац, анализаш кийча яц хIинца а.

"Тахана санитараш баьхкина сан цIийндена тIе, йоллу петар чохь дезинфекци йина. Сан хIусамдегахь а дика хьал дац, балдаш дакъало цуьнан. Кхо де даьлча хуур ду боху цунах дерг, иза а дарбан цIийне дIавуьгур ву аьлла, тешна ю со".

Ша кхеташ яц боху Микулича, стенгахь ун даьлла хир ду шена.

"Метроца, юкъарчу транспорт тIехь балха лелаш вара сан хIусамда. Я цуьнгара тIеяьлла хила а тарло. ХьошалгIахь а ма хилира тхо. Цигахь берш могуш бара, амма бакъду, оцу компанехь хилла цхьа зуда, хIинца реанимацехь Iуьллуш ю шен цIийндеца цхьана. Заздокхху – беттан 21-чохь цомгуш хилла иза, цуьнан хIусамда 23-чохь. Цхьахйолчу санаторехь концерт луш яра со 21-чу дийнахь."

Цул тIаьхьа дуьйна, шайн ма-хуьллу чохь соьцура шаьш боху Микулича.

"Со цхьанхьа а ца йоьдура, жIаьлеца уьйтIа ялар доцург. ХIусамда почте вахара еана яьшка схьаэца. Ур-атталла, туькана а ма ца оьхура тхо: интернетехула оьцуш яра оьшург. Нахаца къамеле ца йийла а гIертара со. Арахь жIаьлешца нах гича, юкъахь дистанци латтайора ас, сан температура ю, тIе ма гIерта а олуш", - дийцина йишлакхархочо.

Беларусин могушаллин министраллан тIаьххьарчу информацица, пачхьалкхехь коронавирусан ун даьлла эзар сов вахархочунна. 976 стагна дарба деш ду.

Царех 33 ИВЛ аппартан тIетесна ву. 13 ву лазарх велларг. Амма бакъду оцу статистикано хеттарш кхолладолуьйту дуккхаъчу экспертийн. Уьш шек бу, Беларусин Iедалхоша хьолах ма-дарра дуьйцуш хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG