ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIаден мукъадохуш ду минанех латтанаш Нохчийчохь


Нохчийчохь меттахIоттийна хьаннаш а, хотеш а, доьн латта а тIамах дисинчу герзах цIандар. Кху кIиранашкахь мукъаяьккхина 35 гектар латта. Шо дерззалц толлур ю, кхерамна кIелхьара йохур ю аренашкара кхин а 900 гектар Куьрчалан а, ТIехьа -Мартан а, Серноводскан а, Хьалха-Мартан а кIошташкахь, аьлла Къилба федералан тIеман гонан буьйранчас Дворников Александра.

Бечу белхашкахь дакъалоцу Нохчийчохь тIемаш бина а, хIинца цигахь дIасатардина а долчу 58-чу эскаран дакъоша. Оьккху герз лоьху кхузаман техникаца, юкъадаьхна иза карош долу жIаьлеш а, боху инарлас.

Доккхачу декъанна эскархоша схьалоьху лелхаза дисина хIоьънаш а, гранаташ а, ткъа наггахь бен ца нисло минанаш, билгалдаьккхира, «Кавказ.Реалиино» деллачу хаттарна жоп луш, тIеман гонан пресс-векалто.

Дуккха а шераш ду Нохчийчуьра латтанаш тIамах дисинчу хIоьънех мукъадаха долийна. 20 эзар гектар гергга аренаш, хотеш, хьаннаш теллина сапераша махкахь тIемаш бирзичхьана схьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG