Нохчийчоьнан могашаллин министра Сулейманов Элхана довзийтина махкахь коронавирус яржарца долу хьал.
«22 стаг ву Нохчийчохь ун кхетта, царех 10 сов товелла, СOVID-19 вирусах цIена ю церан тесташ», - аьлла министра.
Кхаарий дийнахь коронавирус карийна Нохчийчохь кхин а 5 стагехь. Делахь а, «дено-дено коронавирусан инфекци лоьцучу нехан терахь тергалдича, цхьана эшшара го сурт, стабилизаци хаало», - боху Сулеймановс.
Цомгушберш сов халачу хьолехь а бац, амма цхьа къано ву (82 шо) царалахь лазар тIех хала ловш, хаамбина цо.