ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно "ца оьшу" хIост кхолларо Iаткъам бийр бац шен балхана, боху Америкерчу Фондо


Джеймстаун Фондан куьйгалхо ХIовард Глен
Джеймстаун Фондан куьйгалхо ХIовард Глен


Оьрсийчоьно шена "ца оьшучу" вовшаштохараллийн тептарна юкъатохаро цхьа а Iаткъам бийр бац шаьш кхин дIа бийр болчу балхана, аьлла дIахьедар дина Вашингтонехь туп тоьхначу "Джеймстаун Фаундейшн" (Jamestown Foundation) глобалан талламан а, аналитикан а центро.

Хьалхо кху кIиранах Оьрсийчоьнан инарлин прокуратуро дIахьедар дира, шаьш жамI дина хиларх лаьцна, Джеймстаун Фондо арахоьцу материалаш Оьрсийчуьрчу цхьайолчу регионашкахь, къаьсттина Къилбаседа Кавказехь, Iалашо йолуш ю сепаратизм марсаяккха, ткъа иза кхераме ду шайн махкарчу хьолана аьлла.

Оьрсийчоьно кхаарин дийнахь "ца оьшу" вовшахтолахалла лерина Вашингтонера фонд, ткъа иза хьалхара гIулч хила мега цу махкахь цуьнга болх ца байтарехь, яздо "Американ аз" зорбан гIирсо.

Джеймстаун Фондан куьйгалхочо ХIовард Глена шен дIахьедарехь билгалдаьккхина, шайн вовшахтохараллан Оьрсийчохь я офис а, я белхахой а цахилар.

"Цундела, иза "ца оьшу" вовшахтохаралла ларар дуьххьар дуьйна цхьа а чулацам боцуш хIума ду, ткъа цо цхьа а Iаткъам бийр бац тхан балхана а, регионехь хIоьттинчу хьолах лаьцна оха дийцарна а", - аьлла ХIоварда.

Цул сов, Фондан куьйгалхочо дийцарехь, цу сацамо нисса бIостанехьа жамI дохьур ду, тидам тIебохуьйтур бу фондана, цуьнан аудитори шорйеш.

Хууш ма хиллара, ХIовард Глен вара 1999-чу шарахь Нохчийчуьра шолгIачу тIом болалуш кхоьллинчу "Нохчийчохь Машар Хиларехьа Американ Комитет" юкъараллин вовшахтохаран куьйгалхо (Карарчу хенахь иза ю "Кавказехь Машар Хиларехьа Американ Комитет", инг. American Committee for Peace in the Caucasus).

Цу комитетана юкъахь бу 100 сов хилла политикаш а, дипломаташ а, Iилманчаш а. ХIовардца цхьаьна цу Комитетан гIантдай бара президент хиллачу Картер Джиммин хьехамча хилла Бжезински Збигнев а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан секретар хилла ХIейг Александр а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG