ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла курорт йийр ю Къилбаседа ХIирийчохь


Къилбаседа ХIирийчуьрчу Алагирна гергахь туризман комплекс "Мамисон" йилла кечйина проект къобалйина Оьрсийчоьнан пачхьалкхан экспертизин урхалло.

Курортан дуьххьара объект хир ю аьчкачу машшийн ши некъ, шайн йохалла 3380 а, 1745 а метр а йолуш.

И тайпа боца кхо некъ болуш йийр ю лайн парк а (сноупарк). Цуьнан Iалашо хир ю садаIархошна гIо-салазаш хехка Iамор.

Мамисон-чIож тIекхача уггаре халачех ду Къилбаседа ХIирийчохь. БуьрийтIера дIа 100 чаккхарма ю цига кхача, Iуьллу Кавказан лаьмнийн баххьашна юккъахь.

«Мамисон» курорт йийр ю доккхачу декъанна пачхьалкхан бюджетерчу ахчанах. Объектна хьажор ду 15 миллиард 600 миллион сом. Хинйолчу курорто алссам туристаш тIеузур бу, аьлла хета мехкан куьйгалхошна.

ГIишло яр дац хIинцца дагадеана. 2013-чу шарахь ян йолийра иза, амма сацабайтира Мамисон-чIажара белхаш Оьрсийчоьнан министрийн кабинето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG