ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь некъан инспекцин машенна герз диттина бевзашбоцучара


Яхначу буса бевзаш боцчу наха герз диттина Несарахь некъан инспекцин машенна тIе.

"КIайн а, Iаьржа а «Приора» машенаш чуьра диттина герз, кхерамна кIелхьара бовла гIиртина инспекторш, царна тIаьхьахехкабелла зуламхой. Полицин белхахой ца лазийна цхьа а», - яздо «ГIалгIайче» газето, полицерчу хьостанашна тIе а тевжаш.

Полицино тIелеттарш лохуш дIаяьхьначу операцехь лаьцна 38 шо долу меттигера вахархо. Полицица юкъаметтигаш галъевлла хила тарло цуьнан, аьлла хета хаам баржийначу журналисташна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG