ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Испани: Коронавирусах белла бусалбанаш дIабухкуш


Мадридна гена доццуш, Гриньон муниципалитетерчу бусалба бIаьхойн кешнашкахь дIабухку кху муьрехь уьнах белла бусалбанаш. Велларг дIаволла ваха ца мега массех стагна бен. Тезета а ца боьлху дукха – доьзалш, массех накъост а, молла а. Болчу хаамца, баларш кIеззиг лахделла Испанехь, дIадахначу еарийдийнахь велларг вара 683 стаг. Вирус яьржичхьана схьа кхелхина 15,5 эзар гергга. COVID-19 хьакхаелла ву Испанехь I53 000 кхоччуш вахархо.

XS
SM
MD
LG