ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВОЗ организацина ахча ца дала сацамбина Трампа


Iамеркан президент Трамп Доналд
Iамеркан президент Трамп Доналд

Дуьненаюкъарчу могушалла Iалашъяран организацина (ВОЗ) финансаш латтор сацадар тIедиллина ша шен администрацина аьлла, дIахьедина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатан президенто Трамп Доналда.

"Шайн коьртачу декхаршца ларийна яц ВОЗ, цундела жоьпалла ду царна тIахь" аьллера карарчу беттан 14-чохь Трампа.

КIайчу цIийнехь дIахьочу брифингехь элира президенто, Вашингтонехь гIуллакх теллина даллалц, Iамерко шина-кхаа баттана ахча далар сацор ду аьлла. Эпидеми чIагIъялар сацийна, нах балар кIезиг хила тарлора аьлла, тешна ву Трамп, нагахь санна, ООН-н структурана чуйогIучу организацино коронавирус гучуяьллачу Китайра кхочу хаамаш кхачо йоллуш теллина хиллехь.

Цунна жоп лучу ООН-ан Инарла секретаро Гутерриш Антониус аьлла, коронавирусца къуьйсучу ВОЗ-на а, я кхечу организацина а кху юккъехула финансаш совцайойла дац аьлла.

Хопкинс Джонан Университетан зерашца, тIаьххьарчу дийнахь-бусий Iамеркехь вирусах велла 2228 стаг. Ун даьлла пачхьалкхехь 600 эзар вахархочунна. 25700 ву велларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG