ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Милашина: Суна хууш хIуммаъ дац Кадыровн претензех


Нохчийчуьрчу коронавирусан ситуацех материл зорбане яьккхинчу "Новая" газетан журналисто Милашина Еленас ша тIекхуьуш яц аьлла, прокуратурана а, "Роскомнадзорна" а шен артиклехь хIун цатайна. "Официалехь кечйинчу Кадыровн претензех суна хууш хIуммаъ дац. Инарла прокуроран Красновн тIедожорца, материл дIакъевлина оха. Оцу артиклехь мел яздинарг бакъ дац аьлла лерина Роскомнадзоро, ткъа хIун ду Инарла прокурорна цатайнарг, тхоьга хаийтина дац", - аьлла, дийцина "Кавказ.Реалиига" Милашинас.

"Редакцин лаам бац хIара" аьлла, язйина керла текст зорбане яьккхина "Новая" газетан редакцино еарин Iуьйранна шайн сайтехь:

"Роскомнадзоро тхоьга тахана кхачийначу информацица, Инарла прокуратуран тIедожорца, тхо декхаре ду, цара ма-аллара, "Новая" газетан сайтера "тешам боцу артикл" дIакъовла. Оха официалехь кехат дахьийтина прокуратуре, тхоьга кхийдочу претензийн дуьхье кхиаде тхо аьлла.

Карладоккху, Милашина Еленас шен материалехь яздинера, Нохчийчохь лоьрашна масканаш а, респираторш а, кхинболу оьшу гIирс а тоаме цахиларх а, Iедалхоша карантинера арабевлларш лоьцуш хиларх а. Публикаци зорбане яьллачул тIаьхьа газетана а, журналистна а шога критика йира Кадыровс, Милашинина кхерамаш а туьйсуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG