ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коневн Прагерчу хIолламна гонаха: муха хIоттийра, стенна дIабаьккхина иза?


Шимов Ярослав, Маршо Радио, оьрсийн сервис
please wait

No media source currently available

0:00 0:09:35 0:00
Линкана тIе

Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехктакхаман гIуллакх схьадиллина Прагерчу миниципалан 6-чу гонехь Советан заманарчу маршална Конев Иванна хIоттийна хилла хIоллам дIабаккхарна дуьхьал. И хIоллам божор ю цунна гонаха лелачу Оьрсийчоьнан-Чехин конфликтан тIаьххьара агIо. 40 шарахь лаьттина Прагехь хIоллам, дIабаьккхина меттигерчу Iедало бинчу сацамца. Оьрсийчоьнан Талламан комитетна хетарехь, «нацизм бакъяр» ду ишта сацам тIеэцар.

Массех бутт хьалха бинчу сацамца Охан-беттан 3-чу дийнахь дIабаьккхина хIоллам. Прага-6 муниципалитетан администрацин куьйгалхочо Коларж Ондржейс, цуьнан бахьана беламе а дерзош а довзийтира: маршал «юьхь тIехь могашалла Iалашъен маска а йоцуш вара» - COVID-19 ун даржина хиларна, тахана тутмIаьжиг йоцуш лела бакъо яц Чехехь.

Бехктакхам айбинчу Оьрсийчоьнан Талламан комитето хIоллам дIабаккхар «нацизм бакъярца» дузу. Тамаше делахь а, Кремлерчу Iедална дуьхьалйолчу «Кхин Оьрсийчоь» организацин декъашхоша а боху изза. Уьш Охан-беттан 5-чу дийнахь тIелетира Москварчу Чехин векалтанна, массийтта кIур болу коьчал кхоьссира цуьнан неIаршка, керта тIе оьллира «Сацае фашизм» тIеяздина плакат.

Охан-беттан 9-чу дийнахь Оьрсийчоьнан тIеман министра Шойгу Сергейс, бехк а боккхуш, дехар хьажийра шен Чехерчу коллегига Метнар Любомире, хIоллам Оьрсийчоьне дIалахьара аьлла. Билгалдаьккхира «1945-чу шарахь Прага нацистех мукъайоккхуш исбаьхьа дIаяьхьначу тIеман операцино бIеннаш эзарнашкахь Iалашдира чехийн дахар, миллионашкахь мукъабехира нацистийн лоллех хьан махкахой», аьлла. Ткъа Чехин тIеман министралло жоп делира, ша яц хIолламан да, низаме диллича, цуьнан долахо Прага-6 ю, аьлла. Юьйцучу кIоштан администрацин барт хилла и хIоллам Прагехь хIоттош йолчу 20-чу бIешеран дагалецамийн Музейга дIабала.

Маршо Радион оьрсийн сервисерчу корреспондентан Вагнер Александран Прага-6 кIоштан куьйгалхочун гIовсаца Лацин Янца къамел хилира хIолламах лаьцна.

- Оьрсийчоьнан тIеман министра Шойгу Сергейс Чехин тIеман министралле дехна хIоллам Оьрсийчоьне дIабалар. Жоп делла, шен дан гIо дац, хIолламан да ша яц, аьлла. Прага-6 администрацина хезаний дина дехар, оцу хьокъехь ойла йиний аш?

- Бахьана дац тхуна хIоллам Оьрсийчу дIабахьийта – иза Прага-6 кIоштан долахь бу. Бакъо яц Оьрсийчоьнан шен доцург дIадеха. Тхешан бахам кхечу пачхьалкханна дIабала беза аьлла а ца хета суна. Оьрсийчуьрчу агIонна Iеткъа хилларг, со кхета, амма Европан Бертан декъашхо ша хиларе тарра, ситуаци кхечу кепехь туьду Чехино. Оьрсийчохь бехктакхам гIаттийна хIоллам дIабаккхарна… Суна билгалдаккха лаьа, оха ца бохийна хIоллам, оха иза кхуллуш йолчу 20-чу бIешеран дагалецамийн Музейга дIалуш бу. Прагин Iедало «бархата револицин» 30 шо кхочуш, 2017-чу шеран Лахьан-беттан 17-чу дийнахь кхоьллина организаци ю иза. Коневн хIоллам а, цунна гонаха мел хилла йозан экъанаш а хир ю музейхь. Оцу йозанаша боху, 1945-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 9-чохь Коневн эскаро хIаллакьхулучуьра кIелхьара яьккхина Прага, боху, 1956-чу шарахь Венгрера гIаттам хьошуш дакъалаьцна Коневс. ХIоллам дехьабоккхуш оха лардина Чехин а, дуьненаюкъара а низамаш.

«Бакъо яц Оьрсийчоьнан шен доцург дIадеха»


– Маршалан йоIа Конева Натальяс шо ца кхоччуш хьалха ша еллачу интервьюхь элира, ша реза ю хIоллам Дуьненан шолгIачу тIамехь эгна Советан пачхьалкхан бIаьхой дIабоьхкинчу кешнашка дехьабаккхийта. Амма шена лаъане а ца лаьа хIоллам тоталитаризмна хIотточу музейхь хуьлийла. Цунна хетарг тергоне ийцирий аш хIоллам дехьабаккха сацам кечбеш?

–Ала лаьа, цунна хетарг суна мел хезначу вариантел тоьлуш ду. Халахеташ делахь а, оха Оьрсийчоьнан векалаца хIолламах лаьцна диалог йолийначу хенахь тидаме ца ийцира цунна хетарг. Оха хIоллам векалтан территори тIе дIахьо элира, амма векал реза ца хилира. Ткъа хIоллам дехьабаккхарх болу сацам тхо тIеэцна девлча, варианташ леха тIаьхьа дара. Оццу юкъанна дара Прага мукъаяьккхинчу Советан пачхьалкхерчу салтийн кешнаш халкъан синбахаман объектийн тептара яздича. Цундела йиш яцара исбаьхьаллин мах боцу, кешнийн керлачу статусца богIуш боцу хIоллам цига бахьа. Ишта элира соьга Олшанскерчу (Прагин дакъа – ред.) кешнех жоп лучу Прагин мэрерчу белхахоша. Ас цул тIаьхьа хIоллам дIаэцар дийхира ТIеман историн музейга – гIуллакх ца хилира цунах а. 20-чу бIешеран дагалецамийн Музей резахилира хIоллам шега дIаэца. Со воккхаве цунах – юкъараллин хIинца йиш хир ю цуьнга оцу заманарчу тIеман а, историн а экспонате санна хьежа, - элира Лацин Яна.

ХIолламца доьзна деза дIахьедарш дина Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло а. Оцу хьукматан векала Захарова Марияна хетарехь, «зулам ду» монумент хьаяр, «жоп доцуш дуьсур дац иза». Ткъа министрна Лавров Сергейна гарехь, «вай 30 шарахь гергга кхиийначу юкъаметтигийн, бинчу бертийн бух бохийна» хIоллам дIехьабаккхаро.

Шен жоп луш, Чехин арахьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедина, Оьрсийчоьнан Iедал кхечу пачхьалкхан гIуллакхашна юкъагIерта, «Маршална Коневна хIоттийна хIоллам – иза тIеман мемориал ю, цунах хьакхалуш а бац гергарлонех а, юкъахь гIуллакхаш лелорах а лаьцна 1993-чу шарахь хIоттийна Барт», аьлла. «Хьакъ доллуш хир бу хIолламна кхидIа къастийна кхоллам», аьлла Чехин арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Мел беза бу историна Коневн хIоллам, иза стенна эшна дIабаккха, кхин буй Чехехь и санна болу хIолламаш, хIун аьлла хета чехашна 1945-чу шарахь леллачу тIеман хиламех? И хаттар Маршо Радионо дира Чехин Iилманийн академин карарчу заман Институтан Iилманчига, «Прага 1945-чу шеран Зазадоккху-баттахь» цIе йолчу книгин авторе Кокошка Станиславе.

– 1989 шо тIекхаччалц, коммунизман режим йоххалц, еза меттиг лорура Прагерчу Смихов кIоштара Советан пачхьалкхан танкисташна хIоттийна хIоллам, цигахь дIахьора цхьацца церемонеш. Бу Олшанскерчу кешнашкахь дIабоьхкина цIен эскархой, и кешнаш тIом боьрзуш кхлладелла ду, кхеташ ду, цигахь ца бина цхьа а хийцам. ТIом берзарна лерина коьрта барамаш цигахь дIахьо хIинца. Кхечу хIолламех дерг аьлча, Толаман Монумент ю Милин кIоштахь, Сливице юьртанна гергахь – иза 1970-чу шарахь хIоттийна. Европехь тIаьххьара тIеман тасадалар хилла меттиг ю иза – цигахь 1945 шеран Зазадоккху-беттан 11-чу дийнахь тIом бина. Оцу меттехь Ваффен-СС дакъа хилла, карадаха ца туьгуш, хIаллакдина иза тIедаьхкинчу ЦIечу эскаран дакъоша.

Коневн хIоллам дIабакккхале дара цунна тIе бевзашбуцучара басар диттича
Коневн хIоллам дIабакккхале дара цунна тIе бевзашбуцучара басар диттича

– Ткъа Коневгара «хIун даьлла», хIун ца тайна чехийн агIонна? Цо Дуьненан шолгIачу тIамехь муха дакъалаьцна хууш ду. 1968-чу шарахь, Советан эскарша «Прагин бIаьстенан» реформаш хьашшале, Чехословаке еъначу Советийн делегацин декъахь иза хиллийла а ду хууш. Агресси яле, Iалашо хIоттош, и делегаци кхаьчна хиллий а хаьа вайна. Иза коьрта бахьана ду шун агIо Коневна резаяцаран ( кхин а цхьа бехкбаккхам бу цуьнга – Венгрера гIаттам хьошуш дакъалацар)?

– Коьрта «томмагIа» ду и хIоллам (Чехословакера - ред) «хьал тодар» дагалоцуш хIоттийна хилар. 1975-чу шарахь, тIом бирзина 30 шо кхочуш хIоттийна хила безаш бара иза. Цуьнан проект конкурсе йиллира 1974 шарахь, амма вацара болх бан лууш ши скулптор бен. ХIоллам кхолларан проект 6 шарна яхъелира – цо гойтура мел шелъелла Чехин-Оьрсийчоьнан юкъаметтигаш. Олуш дара хIетахь кхузарчу наха: «Да мохк мукъабаьккхинарг ву, воI – оккупант». Конкурс шозлагIа а кхайкхийра – 7 скулптор велира хIоллам бан лууш. Бахбелла болх бирзира хIоллам хIотторца 1980-чу шарахь. МаьIна дара цуьнан хIара: Советан эскар 1968-чу шарахь чехех лата деанехь а, цо 1945-чу шарахь Прага мукъаяьккхина.

Коммунизман режим йоьхначул тIаьхьа чехаша, бегаш беш, хIолламах олу zapomník (дешнийн довзар: pomník хIоллам, zapomnět – дицдан).

5-6 шо ду Прагера Коневн хIоллам къовсаме баьлла, аьлча а, бахархошна иза новкъа болу – цунна бухахь ду Украинерчу ГIирмина аннекси ярца Оьрсийчоьно пачхьалкхаш шена оьгIазъяхийтар, церан декъахь Чехи а йолуш. Оцу контекстехь бен кхеталур а яц хIолламна гонаха иккхина конфликт.

– Со нийса кхеттехь, хIоллам кхечу метте дIабахьар шен хIолламан историца доьзна ду-кх, вуьйцург билггал маршал Конев а воцуш?

– Ишта дан а ду. Суна гарехь, тахана иккхина болу къовсам бу юкъахьаьвзинарг, бен а дац, мила ву хIолламо гойтург, иза хIоттош буха йиллина историн, политикан «кийтарло» ю нахана Iеткъарг. Соьга хаьттича, иккхинчу ситуацина кIел ша Конев ларамза нисвелла.

Чехерчу историкца Кокошка Станиславца а дира къамел Маршо Радион корреспондента.

– Прагехь боккха урам а бу Коневн цIе лелош. Цуьнан цIе хуьйцур юй?

– Яц аьлла хета суна. Цунна бухахь гуттар а юьстахара, кхин хиламаш бу. 1946 шарахь тиллина урамна Коневн цIе, маршалх «Прагин лараме вахархо» а веш. 1980-чу шарахь хIолламна гонаха кхоллаелла дог-ойла ца леллла оцу хенахь чехийн дегнаш чохь, хIетахь цара баркалла баьхна Советан эскаршна, - жоп делира Кокошка Станислава.

Маршалан Коневн тIеман биографера хьаьркаш

1916-чу шарахь, шен 19 шо долуш, паччахьан эскаре вигина иза, яккхий тоьпийн дакъошкахь хилла, дакъалаьцна Дуьненан хьалхарчу тIамехь.

  • 1918-чу шарахь дуьйна – ЦIен эскарехь а, большевикийн партехь а лаьттина. Паччхаьан эскаршна дуьхьал тIемаш бина Сибрех а, Генарчу Малхбалехь а.
  • 1921-чу шарахь дакъалаьцна Кронштадтера гIаттам хьошуш .
  • 1920-чу шерашкара дIа хилла ЦIечу эскарийн куьйгаллхойн могIаршкахь.

  • Инарла-лейтенант вара иза нацистийн Германица тIом болалуш. Куьйгалла дина 19-чу эскарехь, 1941-чу шарахь цуьнга елла Малхбузера фронт. Цхьаболчу хаамашца, масситтаза цуьнан эскар эшча, трибунале а велла, вен кхачор волуш хилла Конев, амма дукха хан ялале маршал хинволчу инарлас Жуков Георгийс цуьнан агIо лаьцна Сталинна хьалха.
  • 1942–1945-чу шерашкахь, кеп-кепара кхиамаш а болуш, массийтта фронт латтийна цуьнан куьйга кIел. ТIом боьрзучу муьрехь Коневс толамаш баьхна Украинехь а, Полшехь а дIаяьхьначу тIеман операцешкахь.
  • 1944-чу шеран Чиллан-баттахь маршал вина цунах.
  • ТIом бирзича хилла Советан пачхьалкхан тIеман министран гIовс.
  • 1953-чу шарахь Берия Лаврентийна тоьпаш туху кхел йинчу тобан коьртехь вара иза.
  • 1955-чу шарахь хIоттийна Варшаверчу Бертан эскарийн буьйранча. Куьйгалла дина Венгрера гIаттам хьошуш 1956-чу шеран гурахь.
  • 1957-чу шарахь Хрущев Никитин агIо лаьцна маршал Жуков «гIалатех Iора воккхуш».
  • 1961-чу шарахь иза коьртехь волу Советан эскаран Германера дакъош хилла немцойн шина пачхьалкханна юкъа Берлинан пен буттучу компанина тIехьожуш.
  • Эскарера мукъаваьлла 1962-чу шарахь. Кхелхина Москвахь 1973-чу шарахь.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров Рамзана Къоман агенталла кхоьллина, махкал а арахьа бехачу нохчашна гIоьнна. Оьший-те Европехь бехачарна Нохчийчуьра гIо?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG