ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iайша шен ненаца ю, амма хьалха а санна тховкIело яц церан


Ажигова Iайша
Ажигова Iайша


ХIокху метериалан автор ю Кавказ.Реалиин корреспондент Пейсахова Анна​

Дейишас тIехь ницкъбина, заьIап йисинчу гIалгIайн йоIана Ажигова Iайшина рогIера дарбадар цхьана ханна дIатеттина, карантинна тIехула.

Стохка дарбан хIусамерчу лоьраша, меженаш кегйина, ягийна, чевнашца, гангрена хила йоьлла йоI шайн каракхачарх дийцича, йоллу пачхьалкхехь гоьелира Iайшин цIе.

Цхьа шо хьалха йоьIан дехоша ненера схьаяьккхина, дIайигинера Iайша. Дейишин Ганиева Маккин хIусамехь ехаш яра йоI. Цуьнан могушаллина даккхий зенаш дарна бехкелеринчу Ганиеван хьокъехь болийна талламаш хIинца а берзаза бу. Талламан изолятор чохь латтош ю йоьIан лаьцна йигина дейиша.

Москварчу клиникехь ах шо сов хан яьккхина, ГIуран-беттан тIаьххьарчу деношкахь цIаялийра Iайша. Магасехь шен ненаца а, шина вешица а ю иза карарчу хенахь.

"ЧIогIа сагатлора берийн вовшашна, цхьа шой, ах шой хан ма яра уьш вовшах къаьстина. Iаламат хьуьнаре, жигара бераш ду сан. Iайшица атта дац. Дуккха а хан оьшур ю цунна ша лайнарг дицдина, меттаян. ДIатеттина иза хьалхарчу классе яхийтар а. Юха а операци ян езаш ма ю цунна. Кхин тIе а керла процедураш, массаж...", - дуьйцу Iайшин нанас Евлоева Лидияс.

Зудчо дийцарехь, тахана а Iадайой дагалоьцу йоIа, дейиша йолчахь ша лайначух. Ша Лидия инвалид ю, цхьанхьа а болх беш яц иза. Ткъа хIинца къаьсттина хала ду цунна - заьIап йоI тIекхетарца.

Шайн чудаха хIусам яц оцу доьзалан. Магасехь уьш чохь болу петар цхьана шарна лаьцна ю. Махкарчу цхьана политико йоIах доглезна ахча шарна дIа а делла цунах. Лахьан-бутт байча юха а проблема хIуттур ю царна хьалха, чохь Iен хIусам лоьхуш.

Яхначу гурахь, куьйгана ампутаци йинчул тIаьхьа, йоI меттайогIучу заманчохь къаьстира, социалан хIусам царна елла ца хиллийла. Низамашкахь йогIуш лору царна петар, хIунда аьлча, доьзал миска лоруш а бу, ткъа Iайшина могушалла меттахIотто хьелаш оьшу.

ЙоьIан кхолламан векал йинчу ГIалгIайчуьрчу берийн бакъонашларъярхочо Чахкиева Заремас тесна дитира "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденто Iайшех лаьцна шен офисе дахкийтина хеттарш. Иштта жоп ца делира шен телефон тIе дахьийтинчу хаттарна а.

Оцу юкъанна, Iайшин дахарехь доккха дакъа даьцначу Оьрсийчоьнан берийн омбудсмено Кузнецова Аннас шен инстаграмехь хаамбира: "Карантин юхаяьккхинчул тIаьхьа, Iайша Москва кхин дIа дарбадан а, реабилитаци ян а схьаяло кечйийр ю.

Тхо Москвахь цуьнга хьоьжуш ду, регионерчу массо а хьукматашца латтош зIенаш а ю, Рошалан клиникерчу лоьрашца а цхьана. Ишта тхо ладоьгIуш ду, цуьнан хьокъехь долийна бехкзуламан гIуллакхах йист яккхаре, хиллачух ма-дарра хаа. Со тешна ю, оцу беро лайначу къематна бехкеболчарна хьакъдолу таIзар дийриг хиларх. Ткъа оха хIара ситуаци тергамза юьтур яц, дерриг а дIадерззалц".

Евлоева Лидиян интересашкахьа болчу "Правовая инициатива" проектан адвокаташа Мисалова Еленас а, Абубакарова Маликас а дийцира, Iайшин вежаршна медицинан "страховкаш" яхарх а, Iайшин 18 шо кхаччалц цунна пенси кхачон тIе ца тоьа кехаташ воашахтохарх а.

Мисаловас бахарехь, йоI протез хIоттон кечъян езаш ю. Коронавирусан эпидеми бахьана долуш дерриг а дIататта дийзи.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG