ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус бакъ цайинчу БуьритIерачу гуламхойх 13 лаьцна Iедало


Кхело лаца кхачийна БуьритIерачу Маршонан майданахь оршоьтадийнахь хIоьттинчу гуламан 13 декъашхо. 3-15 де-буьйса хенаш тоьхна царна лецна яха.

Административан кодексан 19.3 а (полисхочун я Къоман гвардин белхахочун буьйр кхочуш цадар, я царна болх бан новкъарло яр), 20.2.2 а ( юкъара низам а дохош, цхьана метте алссам бахархой гулбар) артиклийн буха тIехь диллина протестхошна дуьхьал гIуллакх.

Кхаарийдийнахь луьстур ду санкци а йоцуш дIабаьхьначу гуламан кхечу декъашхошна дуьхьал айдина девнаш. Верриг а тидаме эцнарг ву 70 стаг.

Охан-беттан 20-чу дийнахь гулам хIоьттира БуьритIехь, цига веъначу 2000 гергга декъашхочо харцйира пачхьалкхехь коронавирус яржарх йолу информаци, бохура Iедале, я шайга болх байта, я мукъа Iарна ахча ло, декхаревора Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхо парламент дIасахеца а, шегара дарж дита а. Лерринчу ницкъаша дIасалаьхкира гуламхой.

Протестан гуламе бовла нах айбинарг вара Къилбаседа ХIирийчохь вевзаш волу блогер, операн артист Чельдиев Вадим. Иза лецира экстремизмна дуьхьалоечу центро, бехкево коронавирусах лаьцна фейкаш яржорна а, полисхочух латарна а.

Кхело Охан-беттан 21-чу дийнахь бицчу сацамца ковид-диссидент Чельдиев декхаре ву 75 эзар сом гIуда такха – цо яржийна лору, коронавирус яцаре ярца юкъараллина кхераме йолу фейк.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG