ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирусна дуьхьала кхоьллина вакцина лаамхошна тIехь зен йоллу Германи


Ша коронаврусна духьал кхоьллина вакцина лаамхошна тIехь зен йолош ю Германис. Эрлих Паулан цIарх йолчу вакцинин а, биомедицинан молханийн а институто магийна и талламаш боло. Вакцина кхоьллинарг ю Майнцера BioNTech компани.

Юьхьанцарчу зерашкахь дакъалоцур ду 200 лаамхочо.

Кхуллуш долу молха юьхьанца зуьй бIаьрго а лоцуш йоцчу дийнаташна тIехь. ТIаккха толлу иза даккхий дийнаташна тIехь. И берриг а болх дика жамI долуш бирзича бен ца зуьй молха адамна тIехь. Германерчу вакцинин кхерамзалла ю цкъачунна толлург.

BioNTech компанин говзанчаша дика мах хадийна шаьш кечйинчу вакцинин. Молханаш дечу Pfizer корпорацица цхьаьна кхуллуш ю иза германхоша. Гриппна дуьхьал эвсаре молханаш кхоьлларца зеделларг ду Pfizer-ан.

Вирусан генетикан код хьаеш йолу мРНК-н могIарара ю зуьйш йолу вакцина. Оцу тайпа молханаша вирусна дуьхьал иммунитет гIаттайо адамехь.

Вакцина зер толамца а дирзина, йохка йолаяхь, цуьнан мах беза хир бац, боху говзанчаша. Амма яц цкъачунна дуьненахь и тайпа вакцина кхоьллина а яьлла, медицинехь пайдаэца магийна.

Хьалхо Дуьненаюкъарчу могашаллин организацино дIахьедира, цхьацца пачхьалкхашкахь 20 вакцина ю кхуллуш, аьлла. Цхьаьнатоьхна Штаташ а, Китай а яра шаьш долучохь дина молха адамашна тIехь зен йолаелларг. Оьрсийчоьно а дIахьедира, ша 6 вакцина зуьйш ю, аьлла. Амма говзанчашна хетарехь, 2021-чу шарахь бен шуьйрра дIасаяржо кийча хир яц вакцина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG