ХIинжа-ГIаларчу Каммаевн урамехь долчу маьждигехь лийчор бу коронавирусах белла бахархой. Ишта сацам бина Дагестанан муфтиято.
И хаам баржийна, ХIинжа-ГIаларчу маьждигаша лийча ца бо уьнах белларш, аьлла, наха социалан машанашкахь леткъамаш бан болийначул тIаьхьа.
Амма динан урхалло чIагIдо, Каммаевн урамерчу маьждигехь уьнах белларш лийчор Охан-беттан 3-чу дийнахь дуьйна долийра, бохуш.
Маьждиган векалша дийцарехь, санитаран хьелаш а лардеш, лийчадо декъий.
"Беллачийн гергарнаш маьждиге буьтуш бац. Кхерамззалин дуьхьа ду иза. Iалашдала я духар а, я гIирс а бац тхоьгахь. И духар шайца долчу тхан белхалоша лийчор бу белларш. Дезинфекци еш хир ду тхо чоьнашна», - боху маьждиган векало.
"Кавказ.Реалиино" хаийтина ма-хиллара, кхааран информацица, коронавирусах 11 стаг велла Дагестанехь, и ун кхетта ву махкахь 417 стаг.