ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Транзит-стаг". Пандеми а, тамашина адамийн истореш а


Бузин Игорь
please wait

No media source currently available

0:00 0:19:56 0:00


Социалан машанашкахь "человек-транзит" аьлла, цIе яьккхича вевзаш ву 28 шо долу Бузин Игорь, яздо Маршо Радион (Радио Свобода) Оьрсийн сервисо. COVID-19 коронавирусан пандеми а, пачхьалкхан дозанаш дIакъовлар а бахьана долуш аэропортийн транзитан терминалашкахь а, тайп-тайпанчу мехкийн дозанашна юкъахь а, кеманашчохь а, ма-дарра аьлча, лаьттана а, стигална а юкъахь исс де даьккхина цо.

Таджикистанан вахархо ву Игорь. Цигахь вина а, кхиъна а ву иза. Ша оьрси ву. Исс шо хан ю иза Iаш а, болх беш а Санкт-Петербургехь волу. Патент а, регистраци а ю цуьнан, доцца аьлча, къинхьегаман мигрантана мел оьшург.

Карарчу шеран Зазадоккху-баттахь шен доттагIашца цхьаьна садаIа вахара иза Шри-Ланке. Тур а ца оьцуш, "акха" нах санна баханера уьш: билеташ эцнера, чохь Iен вилла а лаьцнера. Заздоккху-беттан 16-чохь, уьш цига дIакхаьчча, дуьненахь синтеме дацара, делахь а, церан аьтто хилира садаIа. Халонаш хIиттира юхабогIучу заманчохь. Зазадоккху-беттан 18-чохь Оьрсийчу бахкарна дозанаш туьйхира кхечу пачхьалкхийн бахархошна.

Свобода Радиога ишта дийцира Бузин Игора.

- "Катаран авиалинешца" Заздоккху-беттан 26-чохь Коломбера Дохе кхечира тхо. Цигара Оьрсийчу даха дезара тхан. Хаамийн гIирсашкахь яздора, пачхьалкхан вахархо воцчунна транзитца бен Оьрсийчу гIойла дац бохуш. Ишта хиларе дог дохура ас а, гIад дайча, цигара дIа Таджикистане гIур ву со аьлла, хеташ. ВорхI сахьтехь хьежа дийзира тхан, цул тIаьхьа Москва доьдучу кеман чу хевшира тхо. 1,5 сахьт дайира оха кеманчохь, цул тIаьхьа тхоьга дехар дира, ара а довлий, терминале дехьадовла аьлла. Синтем байнера нехан, хаттарш дора цара. Цхьа ши сахьт даьллачу хенахь авиакомпанин векало дIакхайкхийра, рейс тIаьхьо хир ю, кхечу пачхьалкхийн бахархой боцурш, берш а дIабохуьйтур бу аьлла.

Со а воцуш дIадахара кема. Дохехь висира со. Катарерчу Таджикистанан векалте телефон туьйхира ас, шаьш хьох йист йоккхур ю аьлла, дош делира цигахь.

Дохера аэропорт
Дохера аэропорт

Хьалхарчу кхаа дийнахь терминалехь Iийра Бузин Игорь. ХIора денна зIе латтайора цо векалтца, даим а собар де, жимма сатоха олий, жоп лора цунна, шаьш хьан гIуллакх дуьйцуш ду бохуш.

ЦIенкъахь, я гIанташна тIехь наб йора Игора. Юьхь-куьг дила аьтто бацара. Бакъду, авиакомпанино маьхза юург латтайора цунна. 4-чу дийнахь гIора эшнера цуьнан, дегIах хи мукъане а кхарзийта шега аьлла, дехар дира цо. Лаунж-зона аьллачу меттиге а вигина, лийча а, хIума кхалла а, садаIа а таро йира цунна.

Цул тIаьхьа аэропортерчу отелерчу цхьана хIусамчохь дIатарвира иза, юучунна ваучер а елла. Наб а яй, де-буьйса даьлча цу чуьра аравала дезар дуйла а хаийтира.

- Iуьйранна вижина висира со. Катоьхна сайн бедарш вовшахтоьхна, ресепшнехь сайна бехк цабиллар дийхира ас. Со-м цигахь массарна а вевзаш вара. Соьга хоьтту: "ХIинца стенга гIур ву хьо?" Ас жоп ло: "Стенга гIур вара со? Терминале юхагIур ву-кх".

Хетарехь, соьх доглезнера церан. ТIаккха боху соьга: хьешан цIийнехь Iе цкъачунна. И отель яцара хьуна я авиакомпанин а, я аэропортан а долахь а. Шайн къинхетам хилар дара цара гайтинарг. Мах ца боккхуш, кхин а кхаа дийнахь витира со цу чохь. ЯлхолгIачу дийнахь, Зазадоккху-беттан 31-чохь кхин а 400 оьрсийн турист кхечира Дохе, кхечу кемана ховша Iалашонца. Уьш бара Индонезера а, Таиландера а, Сингапурера а, кхечу пачхьалкхашкара а баьхкина.

Оьрсийчу рейсаш юкъахъяхарна, соьца цхьаьна Дохехь ши де даьккхира цара, - дуьйцу Бузин Игора.

Оцу туристашлахь хиллера шен хIусамдеца цхьаьна Петербургера 32 шо долу турист Балагурова Юлия.

- Дохе схьакхаьчначу тхуна го: тхан рейс цкъа 6 сахьтана хьееш ю, тIаккха кхин дIа а, кхин дIа а... 46 сахьтана тIаьхьаяхара тхан рейс эххар а. "Катаран авиалинеш" компанин белхахой тхо кхето гIертара, мичча хенахь а шу Оьрсийчу дIадахийта шаьш кийча ду, амма Оьрсийчоьно чу ца дуьту бохуш. Цигахь диттина дозанаш ду - Москвано а, Питеро а цхьана дийнахь кIезиг бен пассажираш тIе ца оьцу аьлла.
Дукха ца Iаш, нах сагатдан буьйлабелира: нерваш ца тоара, мохане бара, маьхьарш хьоькхура, шаьш катоххий цIа кхачаде бохуш. Катархоша хIун дийр дара, Оьрсийчоьно чу ца дахкийтича? Социалан машанашкахь посташ хIиттайора дукхахболчара, зорбанашца зIене буьйлура. Iаламат стрессан ситуаци яр-кх.

Балагурова Юлия
Балагурова Юлия

"Катаран авиалинеша" юург латтайора тхуна, лаунж-зонехь Iаш дара тхо, каяьлча наб йора. Масала, со цIенкъахь юьжуш яра. Лийча аьтто бара цигахь. Дийнахь 3-зза хи кхорзура ас дегIах, цо мелла а меттаялайора со. Доьзалшца болу нах а, къаной а хьешан хIусаме битинера. Массо а гIелвелла, хIоьттина вара, кхеташ вацара хуьлучух. ЧIогIа сингаттаме дара.
Чам баьллера сан массо а хIуманах. Тхуна а гуш, шаьш схьабаьхкина ши сахьт ма делли шайн-шайн мехкашка дIасаоьхура европхой. Ткъа тхо, 400 стаг, тхан даймахко тIе ца лоцу шолгIа де а дара. Со кхеташ яц - шен бахархошца кхин бала боцуш муха хир ву?
ШолгIачу дийнахь аэропорте веара оьрсийн консул. ЧIогIа дуладелла лаьттара хьал. Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллица а, Захарова Марияца а зIене буьйлура нах. Эххар а бакъо елира тхуна цIа дахка. Катаро ши кема делира: цхьаъ Москва, шолгIаниг Питере. Охан-беттан 2-хь дийнахь тхо цIа кхечира. Пхеа сахьтехь, эха сахьтехь латтийра тхо Пулковехь. Тесташ йора, дегIан температура юстура, анкеташ язйойтура, оха ца деш хIун дисира. Яккхий раьгIнаш яра лаьтташ. Юьхьанца тхо дерриш а обсерваторе дига лууш бара, тхо схьадаьхкинчу пачхьалкхашкара эпидемиологин ситуаци паргIат йоллушехь. Юха а бакъо елира Петербургерчу бахархошна шайн-шайн цIа а бахна, цигахь изоляцехь хан яккха. Бисинчарлахь бунт гIаьттира, тIаьххьара къар ца белча, дIабахийтира уьш а.

Балагурова Юлияс Свобода Радиога дийцарехь, 18 стаг Репинерчу обсерваторе дIавигира ОМОН-о.

Оцу юкъана, Таджикистанан векалалло дийцарш дара дIахьош Бузин Игоран хьокъехь Оьрсийчоьнан консулаллица. Эххар а, Оьрсийчоьно хьо тIелоцуш ву аьлла, хаамбира цуьнга.

Дохехь 8-чу дийне ваьлла Бузин кхечу Оьрсийчоьнан бахархошца цхьаьна Санкт-Петербурге доьдучу кеманца дIавахийтира.

- Дозанехь, лоьраш леррина сох хьаьвсинчул тIаьхьа, анализ а эцна, анкетехь йозанаш а дайтина, соьга боху: хиллачу бертах тхуна хууш хIума дац, хьо цхьанхьа а вохуьйтуш вац, Оьрсийчоьнан бахархой бен тIе ма лаца аьлла, дина омра ду тхоьга. Дахарехь оптимист волу со панике ваьллера: Дохера схьа стенна ваийтина со тIаккха? Пхеа сахьтехь кеманца ма веана со! ХIинца хIун дан деза?

Дозанхоша элира соьга, хьайн даймахка билет эца - тIаккха оха транзитан пассажир санна дехьаволуьйтур ву хьо аьлла. Оцу заманчохь Таджикистано доллу шен дозанаш дIакъевлинера, лелаш кеманаш дацара, рейсаш яцара, кестолгIа билеташ а Охан-беттан 30-чохь, бутт баьлча бен, дацара.

Сайн юристашца зIене велира со, цара дуккха а документаш вовшахтуьйхира, Оьрсийчохь хила сан бакъо хилар тIечIагIден. Ма-дарра аьлча, официалан кепара бакъо а елла болх беш ма ву со, сайн белхан хенан юккъехула, мукъаденош а эцна, вахана ма вара со, дозанаш диллина долчу заманчохь. Цунах а гIо ца хилира. Юханехьа Дохе дIахьажийра со кеманца.

Сайн рейс ларъеш, Пулково аэропортехь кхин а цхьа де даьккхира ас. Терминалехь ас йоккхучу хенан борхIолгIа де хуьлура иза. Къематде дара цигахь! Чохь хи а доцуш, боьхачу чоьна чохь дIатарвира со.
Хьалха а санна, "Катаран авиалинийн" векало юург латтайора суна: сох къахеттачух тера дара цунна.

Бакъдерг дийцича, ас даггара баркалла боху оцу авиакомпанин белхахошна сан дуьхьа цара мел динчунна! Оцу йоллу хеначохь дозанхойн барзакъца волу цхьа стаг вара суна тIехIоттийна: дика дара, суна суьйранна пхьор цо даийтина а.

Дохе юхадоьдучу кеманчохь ша цхьаъ вара Бузин Игорь.

Бузин Игорь
Бузин Игорь


- Самукъане-м дара суна: ойла йора ас, хьен-хьенан а таро ма яц, бохуш, хIара саннарг хилийта. Кема охьадоьсинчул тIаьхьа, йоллу экипаж тIееара суна: конверт кховдийра цара соьга. Цу чохь дара тайп-тайпанчу валютехь ши эзар гергга долларшкахь хир долуш ахча. Суна гIоьнна, шайн-шайн кисанара вовшахтоьхнера цара и ахча.

Аэропортехь массарна а вевзаш вара со, къежа а къежаш, маршалла хоьттура соьга: "Хьо юхавеана? Марша вогIийла!" бохуш. Суна-м суо Спилберг Стивенан "Терминал" киночуьра турпалхо тарвеллера!

Цул тIаьхьа 8 сахьт даьлча "Катаран авиалинеша" маьхза Парижехула Минске дIавахийтира Бузин Игорь. Нах чубуьтучу Европерчу пачхьалкхашлахь ша цхьаъ яра оцу хенахь Белорусси. Оцу юкъанна 9-гIа де доладелира, Бузин дозанхойн зонехь волу.

Цуьнца Iиттаделлачух шена хетарг дийцар дийхира оха "Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочуьнга Ганнушкина Светлане.

- Бакъдерг аьлча, и дерриге а цхьана стагана лан Iаламат деза ду, цунах доглаза мегар ду. Ткъа иза чу ца витинчийн (оьрсийн дозанхой) бакъонан позицех дерг аьлча, пачхьалкхехь лакхарчу хьаькамаша тIеэцначу инструкцешца шайна тIедиллинарг кхочушдина цара. Бузин Игорь Оьрсийчоьнан вахархо вац, цундела, кхечуьнца лело дерриг цуьнца а лелийна. Дозанхойн бакъо яцара шайггара кхин сацам тIеэца. Ишта-м суна дуккха а меттигаш хаьа, цара дозанашкахь нахана гIо дина а, хьехар делла а.

Дохера аэропорт
Дохера аэропорт

Кхузахь кхин цхьа момент а ю: векалаллашна юкъахь бина барт ма хилла Игоран хьокъехь. Делахь а, и барт ма-барра гIуллакх чекх ца даларна, со цец ца йолу. Цу тайпаниг а даим а нислуш ду. Вайн министраллаш а, урхаллаш а, тайп-тайпана субъекташ а кеп-кепара лела, цкъа а вовшашца барт а ца хуьлуш. Оцу пассажиран гIуллакх консулаллехь дийцина хиларх информаци чекх ца яьлла. Ишта меттиг нисбелча авиакомпанеша ша схьавеанчу пачхьалкхе юха дIавохуьйту ишта пассажир.

Ганнушкина Светлана тешна ю, цу тайпа сацамаш муьлххачу а пачхьалкхан Iедалхоша тIеэца безаш бац аьлла.

- Тахана лаьттачу ситуацица, Оьрсийчоьно кхечу пачхьалкхашкахь бисина шайн бахархой чубуьту: Конституцино а цхьана доьхкуш ма дац уьш чубитар. Со кхеташ яц, Таджикистано динчух. Пачхьалкхе чувеанарг карантине хаон, я хIуъа дина а тесна ца вита йиш ма ю церан.

-Цхьа де-буьйса даьккхина Бузина Пулковерчу аэропортехь транзитан зонехь. Катархоша иза вузийна а, цуьнан доладина а дика ду. Ткъа цара и ца динехь? Суна хаарца, оьрсийн аэропорташкахь ишта хьал тIехIоьттича, цхьанна а ша декхаре ца хета, цигахь бисинчу нахана юург-мерг латто.

- Вай долчахь ца хуьлуш хIу дара? 2012-чу шарахь жима бер карахь а долуш, Узбекистанера цхьа зуда кхаьчнера шен цIийнда - оьрси волчу. Цу тIе и бер ду хьуна, Оьрсийчоьнан бахархойн йоллу бакъонаш йолуш.

Цкъа а низам дохийна йоцчу цунна мичара долу а ца хууш, мIаьрго гучуйоккху, цо низам талхийна аьлла. Ткъа майрчунна бакъо ца ло, ур-атталла, цуьнгара бер схьаэца а. Цхьана къевлинчу хIусамчохь латтийнера иза шен бераца. Юург-м хьехор а яцара, туалет а ца хиллера цу чохь. Цхьа дагахь а доцуш, аьттонца дирзира и гIуллакх. Путин Владимиран кара цу ситуацех лаьцна кехат дала аьтто белира сан.
Цул тIаьхьа пекъар оцу зудчунна бакъо елира Оьрсийчу ян.

Дозанашкахь лелориг къаьхьа де ду. Дозанхошца кхечу хьукматийн контакт цахилар а, базе информаци шен хенна ца кхачор а ду бахьанаш. Цкъа а нислур йоцу проблема ю иза. И нах нислуш болчу транзитан зонашкахь долу хьелаш а ирча ду, - аьлла Свобода Радиоца хиллачу къамелехь Ганнушкина Светланас.

Ткъа оцу юкъанна "транзит-стаг" Бузин Игорь кхин а масех сахьт Парижерчу Шарль-де-Голль аэропортерчу транзитан зонехь а даьккхина, зен-зулам доцуш Минске дIакхаьчна. Цигахь дегIан температура юьстинчул тIаьхьа, гIали чу витира иза, шина кIиранчохь изоляцехь Iар тIе а диллина.

Ахча чекхдолуш ду цуьнгара. Хууш вац иза, ша кхин дIа хIу дан деза а...

Комментареш

New Comments Available

Кадыров а, Закаев а вуьйцу кху деношкахь махкарчу къизаллашца доьзна. Цу шиннах мила хуьлуьйтур вара аш республикан коьртехь?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG