ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закаев: "Эпидеми бахьана долуш нахана иштта а хала ду, ткъа уьш кхин тIе а сийсазбо"


Закаев Ахьмад
please wait

No media source currently available

0:00 0:04:17 0:00

Беттан юьххьехь коронавирусан ун даьлла дарбан цIийне охьавиллина хилла нохчийн политик Закаев Ахьмад Лондонерчу клиникера аравалийтина, яздо "Кавказ.Реалиино. Лоьраша изоляцехь Iар тIедожийна Ахьмад, шен цIахь ву карарчу хенахь. Кризис тIехяьлла хилар, хаало шена боху цо. Муха болх бо Великобританерчу лоьраша пандемин хьелашкахь, хIун нийса дац Нохчийчохь хIоттийначу карантинца, хIунда харц бу коронаскептикаш? Оцу хеттаршна жоьпаш делира Закаев Ахьмада "Кавказ.Реалии" зорбан гIирсе.

- Муха ю хьан могушалла? ГIоле хетий хьуна?

- Делан къинхетам бу, таханалерчу дийнахь дика ву со. Даим лоьраш бу соьца зIенехь. Товелла вогIу со, делахь а, кхачам боллуш могашалла меттахIотта беттанаш оьшур ду.

- Стенца гIо дира хьуна госпиталехь?

- Дуьххьара соьца къамел дира тхан доьзалан лоьро. Симптомаш де-дийне чIагIлуш яра соьца, тIаккха дарбан хIусамера лоьраш бахкийтира суна тIе. Масех кубик цIий ийцира цара соьгара, анализ ян.

СадаIарца проблемаш йолаелира сан тIаьхьо. Сихаллин орца кхачо медицинан машенех цхьа а мукъа яц элира соьга лоьраша, тIаккха сан кIанта дIакхачийра со госпитале. Со цецваьлларг дара, тхо лазартне дIьакхаьчча, машенаш экипажашца цхьаьна цхьанха а ца йоьлхуш дIалаьтташ хилар.

Клиникан чохь а цхьа паника яцара, я нах гулбелла меттиг а бацара. Шаьш даим бечу рожехь болх бора цара. Талламаш бечу палати чу виллира со, юха а цIий даьккхира, рентген а йира.

Коронавирус ю аьлла, тIечIагIдича, кхеча декъе дехьаваьккхира со, кислородана тIе а тосуш. Кийча хила веза хьо, элира соьга лоьраша, нагахь санна, нуьцкъаша садеӀийта эшна, ИВЛ аппаратна тIетаса цаторийла хилахь а.

И дан цаийшира, ши де даьлча со суо садаIа волавелира. Эксперименталан дарбадар хьийхира суна юха. Со дуьхьал хилира. ТIаккха цIа ваийтира со. ХIетахь дуьйна телефонехула лоьрашца къамелаш до ас. Уьш тешна бу, суна сиха дарба хуьлуш хиларх.

- Молханаш яздирий хьуна?

- Цхьана а тайпа молха ца яздира суна. Цамгар ю, ткъа цунна дан дарба дац. Сайна тIехь хиъна суна иза. Коронавирус яц бохуш болу нах кхеташ бац, шаьш дуьйцучух. ЦIеххьашха тIелета и цамгар, массо а хьан дегIаца долу лазар цхьанахеннахь меттахдоккхуш.

Сайн махкахошка кхайкхамбан лаьара суна. Нохчий къоман исторехь дуккха а бохамаш хилла. Масех бIешерашкахь гина ду, хIора 50 шо мел долу хуьлу тIемаш, депортацеш, бертаза махках бахарш. ХIинццалц схьа Дала Iалашдинера вайн латта эпидемех.

Оьрсийн паччахье инарлас Ермоловс ма яздинера: "Нохчех Iаьржа ун а ца кхета" аьлла. Нохчийн онда иммунитет ю дуьненчу бовлуш дуьйнна. Амма хIара сингаттам арара чубеана бу. Тахана Iаламат оьшуш ду лоьрийн хьехамашка ладогIа, хьуна товш делахь а, дацахь а: изоляци, нахах ца веттавалар.

Ингалсан пачхьалкхан медицинан система гира суна. Кхечу Европан мехкашкахьчул а лахара хиллера церан пандемина кийчахилар. Ткъа Оьрсийчохь кхин а гIаддайна хьал ду.

- Карантинан низамаш дохийначарна Кадыровс етта магор муха тIеоьцу ахь?

- И цIармат хIума ду. Эпидеми бахьана долуш иштта а холчахь бу нах, ткъа уьш, кхин тIе сийсаз а бо. Кавказхочунна уггар а инзаре хIума ду иза.

Йоллу Оьрсийчохь Iазап латтор - юкъара хIума хиллехь а, Кавказехь кхин кхетам бу. Путина Нохчийчохь диктаторан раж дIахIоттийнехь а, тIаьххьарчу 20 шарахь оцу тIехь хийцаделла хIуммаъ а дац. Ткъа хIинца "исламан террорхойн" метта коронавирус шеца йолу нах режиман а, къоман а, Оьрсийчоьнан а, доллу адамаллин а мостагIий бу аьлла, дIакхайкхийна.

- Нохчийчуьра кхиазхой муха, хIун аьлла чохь совцо беза? Карантин тергал ца еш, арахь буьйлабелла лела уьш ма боху. Вирусах нах бу леш, ткъа хIун дан деза стаг дIаволларан ламастна а?

- Бераш а, кегийрхой а буьйлабелла лела. Маршонан са хилар ду иза. Дехкарш дукха мел хуьлу а, дуьхьало ян дог догIу. Церан чуьрчу баккхийчарех болчу наха кхето беза кегийрхой, стенна оьшуш ю карантин бохучух. Шун леларх йоьзна ю ден-ненан а, гергарчийн а могушалла, бохуш, дуьйцуш, кхетам бала беза царна. Ткъа Iедалхоша кхерамаш тийсарх нислур долуш хIумма а дац.

Стаг дIаволларх дерг аьлча, и хаттар дIанисдина ду. Уллора гергарнах а, цхьацца-шишша кадам бан вогIург а бен тIе а ца вуьтуш. Бисинчаьрга ма дуьйла олу. Шайн ламасташ, гIиллакхаш лар а деш, бехаш бу нохчий.

Уллорчу гергарчу стеган тезета вахар Iаламат коьрта декхар ду церан. Цу барамехь дакъа цалацар - стешхалла а, ямартло а лору нохчаша. Делахь а, тахана кхин ситуаци ю, хIинццалц шена марзделлачух цхьана ханна юхавала веза.


COVID-19 ун даьржичхьана махкахь карантин лаьтта, адам гIелделла. Шуна хIун хета: изоляци малъян йогIу, йа кхин а жимма чохь сецча гIоле ду?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG