ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Марнанас хIора денна еттара". Карантин юкъаяьккхичхьана доьзалехь ницкъбар алсмадаьлла Казахстанехь


please wait

No media source currently available

0:00 0:02:48 0:00


ЦIеххьана лакхадаьлла Казахстанехь доьзалехь ницкъбар. Цхьана мехкан коьртачу гIалан кризисан центрашкахь лачкъа оьхучийн терахь шозза лакхадаьлла бохуш, яздо Свобода Радион "Настоящее Время" телеканало.

Масех шарахь марзхошкара ницкъбар, аьшнашъяр ловш, схьаеана Сандушаг (цуьнан дехарца цIе хийцина). Чолхечу хьолан раж кхайкхийначул тIаьхьа цуьнан ситуаци кхин а гIаддайначу яьлла. Карантин бахьана долуш деххачу деношкахь чохь йисинера иза. Марнанна ца тара и. Денна еттара цо несана а, шен кIентан берашна а. Ткъа кхуьнан хIусамдас бIаьргаш хьаббора оцу суьртана.

"Дерриг а сан алапа а, берийн ахча а цхьаьна, марнанас соьгара дIадоккхуш дара. Юучунна а, молучунна а, кредит такха олий. Карантин йолаелчхьана, хIора денна бохург санна, летара иза сох, сан зудаберех а. Цкъацкъа юург а ца лора. Сан йоьIарийн психика галъяла йолаеллера. Шайн месех каетташ, бахьана а доцуш, боьлхуш хуьлура уьш. Даим а дегIа тIехь Ӏаржъелла меттигаш хуьлура", - дуьйцу Сандушага.

Эххар а шен кхо йоI эцна, цIера едира иза. ТховкIело карийра цунна кризисан центрехь. Карарчу хенахь тIехюьзна ю и хIусам. Карантин юкъаяьккхичхьана совбоьвлла цаьрга орца доьхурш. Цундела декхаре хилира волонтераш петарш леца а, цигахь берашца болу зударий дIатарбан а.

"Тоххара хIора денна консультацеш лора оха, амма кризисан центрехь цхьана баттахь пхи зуда бен дIа ца нисйора оха. ХIинца ши кIира гергга хеначохь 11 зуда тIеэцна оха. И цхьайтте а ю хьуна берашца", - дуьйцу "Коргау Астана" фондан куьйгалхочо Рыль Аннас.

Амма зударийн доккха дакъа тапъаьлла Iаш бу, доьзалехь шайгахь латториг а ловш, чIагIдо говзанчаша. Цхьаберш кхоьру, цIийндена юха карайодахь, цо кхин а тIе еттар ю бохуш. Вукхарна эхь хета шайн доттагIашна а, гергачарна а хьалха.

Чолхечу хьолан раж кхайкхийначул тIаьхьа, схьаетта телефонаш алсамъевлла.

"Дукха хан йоццуш хилла ду хIара. Цхьа дика доьзал бу. ЦIийнда леташ цахиллехь а, синIаткъам беш хиллера цо шен зудчунна. Эххар а шен хIусамненан а, берийн а дерриг а кехаташ моха еанчохь дагийна хиллера цо. Кризисан центре гIо дехнера цу зудчо. ХIинца психологаш бу цуьнца болх а беш, кехаташ юхаметтахIитто гIо деш", - дуьйцу полицин департаментерчу ницкъбарх зударий Iалашбечу тобан лаккхарчу инспекторо Шахметова Гульмирас.

Доьзалехь Iазап латтор карантинца доьзна ду аьлла хета. Беа пена юкъахь бисинчу дукхахболчу нахехь я ахча а дац, я царна бан болх а бац. Бакъонашларъярхошна хетарехь, шайна таIзар хир доций хууш, лелош ду Iазапаш. ХIинца лелачу низамашца, доьзалехь ницкъбина меттиг нисъелча, пхи де-буьйса чохь доккхуьйтий, лахара гIуда тIе а дожадой, маьршавуьту.

Иштта кхин цхьа проблема а ю дуьхьалъяьлла: чолхе хьал хIоттарна кхелахоша шайн болх сацийна, ткъа полици урамашкахь ха деш ю, карантинан низамаш дохийнарш а лоьцуш.

Хьажа комменташка (1)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG