ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIеман сийлаллин де Гезгмашин-беттан 3-чу дийне дIатеттина Путина. "Бесланан наной" реза бац оцу сацамна


Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира шен омрица Гезгмашин-беттан 3-чу дийне дехьатеттина хIинццалц пачхьалкхехь цул де хьалха билгалдоккхуш хилла ТIеман сийлаллин де. Денна и дезде дехьадаккхар довзуьйтуш, далийна бахьана ду, "Дуьненан шолгIа тIом берзош коьрта гIулч яра Советан пачхьалкхо 1945-чу шарахь Япони эшорца яьккхинарг", аьлла. Ткъа ша и толам баккхар Советан пачхьалкхо а дIакхайкхийра 1945-чу шеран Гезгмашин-беттан 3-чу дийнахь.

ХIинца низамо ТIеман сийлаллин де къастийнначу Гезгмашин-беттан 3-чу дийнахь дIахьо Къилбаседа ХIирийчуьрчу бахархоша шайн белла махкахой, школехь хIаллакдина бераш дагалоцу тезетан барамаш. Ши хилам цхьана дийнахь билгал ца бахийтархьама, Путине хIинца арадоккхучу низамна вето тохар доьхура Бесланерчу бохамехь бераш деллачу наноша а, гергарчара а.

"Кавказ.Реалиино" дагалецаман барамаш цхьана денца нислуш хиларх лаьцна комментари ялар дийхира "Терроран тохарша зен динчу нехан "Бесланан наной" ассоциацин куьйгалхочуьнга Дудиева Сусаннига. Шена «халахетта чIогIа, комментари ян а дог дац», жоп делира юкъархочо.

ТIеман сийлаллин де эдойла дац Терроризмца латточу къийсаман денца, оьзда дац и ши де цхьаьнатохар, нийса дац, цо историн факташ бIостанехьа доху, бохура «Бесланан наноша» шаьш хьалхо яржийначу петицехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG