Дуьххьара онлайн форматехь дIадаьхьна, 2010-чу шарахь дуьйна хIора шарахь Охан-беттан 25-хь даздеш долу Чергазийн байракхан де. Коронавирус яьржина хиларца доьзна иза чергазийн юкъараллаша.
Адыгей, Кхарачой-Чергазийчоь, ГIебарта-Балкхаройчоь мехкашкарчу адыгаша байракхаш яржийна шайн балконашкахула, корашкахула, цIенойн тхевнаш тIехула, машенашца.
"Провокацех ларлуш, юкъархой Iедална дуьхьал бевлла ца бахийта, хIусамашкахь даздан сацамбина оха и де", - боху Адыгейрчу "Адыгэ Хасэ" кхеташонан декъашхочо Негуч Шамсуддина.
Дезчу денна лерина онлайн кепехь Чергазийн байракхах лаьцна байт йоьшу конкурс а хIоттийна жигархоша.
Чергазийн байракх лоруш ю адыгийн цхьааллин симбол.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ