ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Со тIеман йийсархо вара, талорхо вацара"


Гакаев Мохьмад-Хьусейн
please wait

No media source currently available

0:00 0:05:14 0:00


Нохчийчуьра схьаваьлла Гакаев Мохьмад-Хьусейн карарчу хенахь Европехь политикан тховкIело йоьхуш ву. ЦIера Соьлжа-ГIалара ву иза, бизнесхо, гIишлошъярхо ву. Юридикан доьшийла чекхъяккхаза висира иза. Гакаевс бахарехь, Нохчийчохь шолгIа тIом болабелча, хIара Ичкерин эскархойх дIакхетча юкъахделира цуьнан дешар. 2001-чу шарахь "Врачи без границ" миссин куьйгалхо Глак Кеннет лачкъорна бехкевира жима стаг. ТIаьхьо набахтехь иттех шо даьккхира Гакаевс. Iамеркера лор лацарх а, иза маьршаваккхарх а, тIеман хьелашкахь кеп-кепарчу политикийн ницкъаш вовшашца бозарх а дуьххьара дуьйцу Гакаевс "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте.


- Эскарехь муьлхачу даржехь вара хьо?

- Нохчийн Ичкери республикан ницкъийн структурехь тхан тоба агентурин а, иччархойн а болх беш яра.

2001-чу шеран Чиллан-баттахь тхуна хиира, меттигерчу зуламхойн тобано Йоккхачу АтагIахь "Врачи без границ" гуманитаран миссин машенийн кортеж дIалацарх а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн вахархо, лор Глак Кеннет йийсаре лаьцнийла а. Iамеркахо лаьцначул тIаьхьа зуламхойн тобано луларчу Жимачу АтагIа дIавигинера иза, ткъа тхоьга цу сарахь билггал информаци кхечира, иза латточу меттигах лаьцна. Оха операци дIаяьхьира Iамеркахо маьршавоккхуш.

Цул тIаьхьа тхайн куьйгалхочуьнга Садулаев Iабдул-Хьалиме хаам бира оха хиллачух. Басаев Шемална а хиира Iамеркахочух, шега схьало иза аьлла, тIедожийра цо тхуна. Цул сов Iаьрбий а бара юкъагIерташ. Глаках 60 эзар долларшкахь мах лур бу ша элира Хаттаба. Федералхойн буйнара масех шен стаг цуьнца хийца лаам болуш хиллера иза. Эмираташка телефон тоьхна а хиллера цо, дагаволуш. Нагахь санна оьрсийн къайлахчу сервисашца юкъарлонаш цуьнан делахь, иза вен вогIу аьллера Iаьрбаша. Ахчана дуьхьало а йина, Садулаевс тIаьххьара дош аллалц хьоьжура тхо.

- Глак лоьхуш варий?

- Вара. КхоалгIачу дийнахь юьртах хьийса буьйлабелира. Меттигера вахархо волчахь къайлаваьккхинера оха иза, цунна оьшу молханаш а делла. Астма йолуш вара иза.

Нагахь санна оьрсийн къайлахчу сервисийн караводахь, ша цара вуьйр ву, Масхадовн наха вийна аьлла, дIа а хьедеш, бохура Глака. Цунна хаьара, ша вехь - дуьненна хьалха тхо бехлой.

Оцу юкъана тхан куьйгалхошна юкъахь къовсам бара Iамеркахочун кхоллам бийцаребеш. Эххар а Садулаевс а, Басаевс а сацам бира, гIуллакх Лакхарчу шарIан кхеле дала. Цо хьесап дира, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн вахархо маьрша а воккхуш, гуманитаран миссийн белхахойн кхерамзалла Iалашъе аьлла.

Тхан карахь 25 де даьккхира Глака. Оха элира цуьнга: "Кеннет, оха хьо дIахоьцуш ву". Цо жоп делира: "Сан шеконаш яцара" аьлла. Меттигерчу лоьрана тIе валийра оха иза, ткъа шолгIачу дийнахь Ханкалара баьхкинчу эскархоша дIавигира иза. Цхьа де даьлча тхуна телехьожийлехь хезира, Оьрсийчоьнан ФСБ-но Глак кIелхьарвоккхуш инзаре лерина операци дIаяьхьира бохуш. Операцехь дакъалаьцначарна массарна а мидалш елира тIаьхьо Путина. Ма-дарра аьлча, цхьана оьрсичо кIелхьарваьккхина вацара иза.

- Билггал хьан лачкъийна хиллера Глак Кеннет?

- Иза лачкъон Iалашо хилларг вара Соьлжа-ГIалара вахархо Какиев Рустам. 2000-гIа шо чекхдолуш Йоккхачу АтагIахь дIатарвеллера иза. Юьртарчу федералхойн блокпосташкахула маьршша Соьлжа-ГIала дехьавуьйлура иза, цундела цунах тешам бацара. Иза гучуваьлчхьана юьртахь масех къоладеш маьршачу нахана тIелатарш хиллера. Цул тIаьхьа цуьнан тоба гучуяккха оперативе белхаш болийра оха. Кхелехь дийцира ас иштта, амма сан дешнаш тесна дитира.

- Иза лачкъорна бехкевора хьо, амма хьуна кхел кхечу бахьанашца йинера.

- 2002-чу шеран ГIадужу-баттахь федералхоша дIалецира со. Глак вуьйцуш а вацара. Суна тIехь ницкъбира, тхан эскарх лаьцна соьгара информаци оьшуш, цул тIаьхьа вен Iалашо а йолуш. Ханкалахь Iазапаш ца лайначу ас куьг таIийра бехк тIелоцуш. Соьца цхьаьна лаьцнарг вийнера. Дийна виса луучу ас дIахьедира, лоьраца хиллачу историна бехке ву со аьлла. Оцу сохьта видеокамераш дIа а хIиттийна, дерриг а дIаяздира цара.

2003-чу шеран бIаьста Ростов гIаларчу суьдхоша кхел йира суна тIехь. Лор лачкъорца дехкина бехкаш юкъара дехира, хIунда аьлча, Ичкерин шарIан кхелан сацам а, тхайн лаамца, бертахь иза маьршаваккхарх а тоьшаллаш гайтарца.

Суна хан туьйхира герз лелорна а, ницкъаллин структурийн белхахошна тIекхийдарна а, бандитизм лелорна а. Кхузахь дуьйцург дара, 2002-чу шарахь Йоккхачу АтагIахь федералаша го бича, герзаш детташ тхо юкъарадовлар. Амма тхо дацара бандиташ. Ма-дарра аьлча, тIеман йийсархой дара тхо, Оьрсийчоьно тIе ца лоцура конфликтан агIо тхо хилар.

- Итт шо даьккхира ахь набахтехь?

- ХIаъ, кхел йирзича ИК-8 олучу Ямало-Ненецкан гонашкарчу "Белый Медведь" колони дIавигира со. ТIаьхьо украинахойн режиссер Сенцов Олег латтийна набахте ю иза. Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаран леринчу программехула вара со, цара тергонехь латтайора сан могушалла а, сан гергара нах суна тIебуьтуьйтуш а гIо дора. 2012-чу шарахь маьршавалийтира со, кхин а диъ шо даьлча кхечу пачхьалкхе воьду паспорт даккха аьтто хилира сан.

- ДIа стенна вахара хьо?

- Сайн сина кхерам латтарна вахара со. ХIун кхерамзалла юьйцу, кху заманан Оьрсийчоьнах дуьйцучу хенахь? Муха го хьуна: шен политикан хьежамаш бахьана долуш набахтехь хан текхна, маршо еза стаг, оцу пачхьалкхан территори тIехь вехаш? Ца къуьйсур ас, цхьа хан кхаччалц дIалелар-м вара. Амма паргIат хир вацара со.

"Венера Анзор" цIарца вевза Умаров Мамихан вийна Австрехь. Бахьанаш хIун хета шуна?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG