ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь ши стаг велла коронавирусах, инфекци кхетта 509 вахархочунна


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу цхьана дийнахь кхин а ши стаг кхелхина COVID-19 уьнах, 509 вахархо билгалваьккхина инфекцица ву аьлла. Оперативан штабан информацица, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а цхьацца стаг велла коронавирусан уьнах. Верриг а Къилбаседа Кавказехь велларг 69 пациент ву. ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а къаьсттина Дагестанехь дукха бу инфекци кхеттарш - 153:

Дагестан +153 (1147 ву эпидеми яьржичхьана)
Къилба ХIирийчоь+148 (549)
Краснодаран кIошт+51 (888)
ГIалгIайчоь +43 (633)
ГIебарта-Балкхаройчоь+38 (367)
Ставрополан кIошт+37 (491)
Кхарачойн-Чергазийчоь+13 (314)
Нохчийчоь +18 (447)
Адыгей +8 (150)

Къилбаседа Кавказехь COVID-19 вирусца ву аьлла, билгалваьлла верриг а 4986 вахархо. Ткъа йоллу Оьрсийчохь, Оператвиан штабан хаамца, 93 558 стагана даьлла коронавирусан ун.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG