ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестан: лолле лецна нах дуккха а бу махкахь


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:39 0:00
Линкана тIе
"Кавказ.Реалии"

Бацош кхобу нах лохуш ю Дагестанерчу Тарумовски кIоштахь мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралла. Бакъоларъярхоша дийцарехь, лаамза къахьега балийна нах шортта бу Дагестанехь.

"Москва-ХIинжа-ГIала" автобусца боьлхучу пассажирашна гина ши стаг, лаьцна, лаамза уьстагIий лело вуьгуш, оцу хьокъехь полицига хаамбина наха, боху Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Сихха арз теллича полицина гучуваьлла, ши стаг лаьцна махка а валийна, цхьана гIотан дена вохка гIерта дагестанхо. Лай бинарш бу Новосибирск-махкара 42 шо долу а, Ямал-Ненцойн махкара 31 шо долу а бахархой.

Вухкуш хиллачу шимма дийцарехь, Москвахь цхьана стага тIе а веана, Ставропол-махка уьстагIий кхобучу балха кхайкхина уьш. Баттахь хIоранна а лундолу алапа 20 эзар сом ду, баьхна "эцархочо". Уьш резахилла. Цо автобусан дега царна тIера некъана а, юучунна ахча ша дIаделла аьлла, иштта новкъаваьлла и шиъ.

Амма Ставропол-махка буьгучу меттана, полицино бахарехь, Дагестане кхачийна белхалой. Уьш "эцначо" цигахь хийцина ша царна луш долу хьелаш –баттахь хIоранна лундерг 5000 сом хир ду, аьлла. Юьхьанца духьалваьлла и шиъ, амма хиина царна автобусах шайна тIера ахча дIаделла доцийла, шаьш билетех ахча дала дезаш бисинийла. Дан хIума а ца хилла, сецна ши стаг Дагестанехь, "балха оьцучо" автобусах ахча дIа а делла, дIавигина уьстагIий долчу.

Дагестанехь байна а, лоллехь кхобу а нах лохучу тобан куьйгалхочо Исаев Руслана дийцира "Кавказ.Реалиига", "лай лелочу" наханна полици тIехIуттуш а нисло, аьлла. Лецна, бораха бацош болу нах мукъабаха аьтто луш цхьан некъ бен ца хуьлу дукха хьолехь – хьал прессех даккхар, боху цо.

Ша лоллера мукъабаьхначу наханна адаптаци ян а гIо до Исаевн тобано. «Оха мукъабоху нах доккхачу декъанна Сибрехара я Юьккъерчу Азера мигранташ хуьлу. Юьхьанца кхерам хуьлу цаьргахь, амма тIаьхьо дахаре боьрзу. Царна тхаьшка далуш долу гIо до оха", - дуьйцу Исаевс.

Нах лохучу тобан волонтера Натальяс (цуьнан цIе хийцина оха – ред.) дагалоьцу шо хьалха хилларг. Цуьнан майра "къинхьегаман лолле" вахана хилла Ростов-махкарчу дагестанхойн доьзале. Иза мукъаваккха аьтто баьлла зудчун шена вевзачу цхьана стеган гIоьнца. Майрачо полице кехат яздина шех хиллачух лаьцна, ткъа хIинца а вац жоьпе озийна стагга а, дуьйцу волонтера.

Лоллера нах мукъабохучу Дагестанерчу "Альтернатива" боламан координатора Исмаилов Закира дийцарехь, лецна нах, шаьш мукъабевлча, кхоьру полице арздан. "Оха 100% кхерамзаллах гаранти елча а, полисхоша иза елча а, ца хIуьтту и нах арз яздан. Шаьш арздича, таллам боьдучу юкъанна махкахь биса безаш хуьлу уьш – ткъа чIогIа кхоьру. Дукха хьолехь шайна тIехь лаьттинчу Iазапах лоций цIабахча бен ца дуьйцу цара", - билгалдоккху Исмаиловс.

Цо бахарехь, хьалха, 2012-чу шарахь дуьйна схьа Iехийна балийна, бацош болу нах кибирчигаш ечу заводашкахь карабора, амма полицино къайлахьора и факташ, ткъа хIинца кхин сурт ду – полисхоша гIо до, "Альтернативо" дехча.

Каспийскера а, Карабудахкентера а кибирчигаш ен заводаш дIакъовлаеллачул тIаьхьа лолле нах лецар Дагестанан къилбаседанерчу а, къилберчу а кIошташка дехьадаьлла, боху Исмаиловс. "ГIотанаш лаьтта Кочубей а, ногIийн латтанаш а, ГIизларан кIошт а схьаэцча, цигахь дукха бу лолле балийна, къахьоьгу нах. Цхьаммо хаам баллац, шерашкахь, беха уьш меттигерчу бахархойн долахь. Иштанаш тхуна дукха хьолехь карабо, бевдда мукъабевллачара хаийтича я нахана шайн лоллехь бохку гергарнаш кхобу меттиг хааелча", - дуьйцу "Альтернативан" координатора.

Юьххьехь хьахийна ши стаг полицино мукъаваьккхина Тарумовски кIоштахь, "эцархо" кхаа дийнахь бен ца кхиина уьш шен жа тIехь бацо. Цул тIаьхьа "Альтернативан" векалшка дIабелла, ткъа волонтераша Москва дIакхачийна.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров Рамзана Къоман агенталла кхоьллина, махкал а арахьа бехачу нохчашна гIоьнна. Оьший-те Европехь бехачарна Нохчийчуьра гIо?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG