ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь ун даьлла 485 стаг ву


Нохчийчохь 231 пациент товелла коронавирусах аьлла, хаам бина мехкан могушаллин министро Сулейманов Эльхана. Цо бахарехь, таханалерчу дийнахь 485 вахархо ву махкахь COVID-19 вирус кхетта.

ТIаьххьарчу информацица, лоьрийн тергонехь ву эпидемиологин хьал телхинчу пачхьалкхашкара цIа веана 2406 стаг.

Ишта министро дийцарехь, 11 стаг ву ИВЛ (пехашка хIаваъ кхачо) аппаратана тIетесна. Ткъа кислородан гIоьнца латтош ву 185 пациент.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG