ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьнан куьйгалхо хастийна Путин Владимира


Оьрсийчьнан президента Путин Владимира хастийна Нохчийчоьнан Iедалхой а, бахархой а коронавирусана дуьхьал цара латто къийсам бахьана долуш, яздо ТАСС агенталло.

"Суна хаьа, Нохчийчохь бан ма безза беш бу болх. Рамзан Ахматовича ша дуккха а терго латтайо цунна тIехь", - аьлла Путина, "Мы вместе" оьрсийн акцин декъашхошца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Ишта Путина билгалдаьккхина, юкъараллан организацеша а, республикан бахархоша а доккха дакъа лацар, коронавирусна дуьхьал болийначу балха тIехь.

Нохчийчохь 231 пациент товелла коронавирусах, таханалерачу дийнахь 485 вахархо ву махкахь COVID-19 вирус кхетта аьлла, хаам бина мехкан могушаллин министро Сулейманов Эльхана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG