ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла инфекцийн дарбан цIа cхьадиллина Соьлж-ГIалахь


Соьлж-ГIаларчу Глинка Елизаветин цIарахчу берийн дарбан хIусаман декъа тIехь инфекцийн керла лазартне схьайиллина шотдийнахь, COVID-19 инфекци яьлла нах тIеэца Iалашонца. Дарбан цIа болхбан кийча хилар теллина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, яздо "Новости" агенталло.

100 маьнга хIоттош керла инфекцийн корпус ян йолийнера дахначу шарахь. Коронавирусан эпидеми яржарца доьзна, мехкан урхалхочо тIедиллинера маса иза чекхъяккхар.

Ишта, Кадыровс баркалла аьлла лоьрашна, дийнахь а, буса а шайн могушалла а ца кхоош, коронавирусана дуьхьал къийсам латторна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG