ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболиста Кокорина 1 миллион сом делла БуьритIерачу берана дарба дайта


Цхьа шо ах шо долчу БуьритIерачу Персаева Арнеллина дарба дайта гулъечу фонде 1 миллион сом хьажийна вевзаш волчу футболиста Кокорин Александра. Шен хилла сацам бовзийтира цо Оьрсийчуьрчу видеоблогерца Савин Евгенийца хиллачу эфирехь.

Беранна дийна диса оьшучу Америкерчу Zolgensma молхан мах бу 2,1 миллион доллар. Гулдинчу ахчанна цкъачунна тIе ца тоьу 90 миллион сом, ткъа молха ца хилча ца долу Стигалкъекъа-бутт берзале.

- Суна евза и истори, йисина хан дуккха яц. Вайх доьзна ду цуьнан дахар. Ас Арнеллина гIоьнна хьажор ду миллион сом. Вайца гергарлонехь болчу а, таронаш йолчу а накъосташка а доьхур ду ас гIодар, - аьлла карарчу хенахь «Сочи» клубехь ловзучу футболиста Кокорина.

"Кавказ.Реалиино" хьалхо хаийтина ма-хиллара, Кокорина къамел хьажийра Оьрсийчуьрчу миллиардерашка Керимов Сулеймане а, Роттенберг Борисе а, беран проблемина тIе тидам берзор а, шайн «дегнаш деллар а» доьхуш.

Аьхка ши шо кхочу Арнеллин, и хан тIехIоттале дан деза дарба, наггахь бен хуьлуш йоцу генетикан цамгар ю цуьнца - дегIо шена оьшу элементаш цакхиор.

Америкера деза молха схьакхаьчча а оьшу йоI баттахь кечъян – дегIо хала лов и препарат. Ткъа ахча гулдар чолхене даьккхина коронавирус яржарца доьзна хIоттийначу карантино а, валютин мах бестаро а.

Массех бутт бу хIирийн йоIана Арнеттина ахча гулдан долийна. СагIийна ахча делларш ца Iа ХIирийчуьра я Оьрсийчуьра хилла, дакъалоцу дозанал арахьа бехачу наха а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG