ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрера нохчий а, коронавирус а


Вена, Австрия
Вена, Австрия

Карантинан хьелашкахь къаношна а, цомгашчарна а гIо деш, Венехь бехачу нохчийн кегийрхоша акцеш дIахьо. 16 шарера 25 шаре бевллачу кегийчу наха, эца а оьцуш, хIусамашка дIакхачадо кхачанан сурсаташ а, цомгашчу нахана оьшу молханаш а.

Хууш ма-хиллара, коронавирусан эпидеми яржар бахьана долуш карантинехь бисина къаной уггар а аьтто боцуш, Iаьткъа нах бу. Маса ун дала кхерам болчийн тобанехь лоручу церан аьтто бац чуьра арабийла. Цундела Нохчийчуьра схьабевлла мухIажарш йоллу Австрехь дIахьочу гIоьналлин акцех дIакхийтира.

"Коронан заманчохь гIо дар" аьлла, цIе тиллина тоба вовшахтоьхна цара. Шайгара гIо латтадо кегийрхоша лулахь а, официалан структурашкахула а.

Кегийчу нахах цхьана декъо регистраци йина Австрин ЦIечу жIаро схьайиллинчу "Австрин Тоба" (Team Österreich) сайтехь.

"Сан денана Нохчийчохь цхьана эвлахь ехаш ю. Цунна уллохь бу цуьнан доьзал а, берийн бераш а. Суна гуттар а къахетара, цхьаллехь бисинчу къанойх. Цундела доккхачу хазахетарца дIакхийтира со баккхийчу нахана гIо латточу акцех", - аьлла дийцина 19 шо долчу Венехь вехачу Ахмадов ИбрахIима.

Ша а, шен доттагIаша а координацин центрехула телефонашкахула лоьху орца оьшу нах. Царна оьшучух тептар а хIоттадой, схьаделлачу адресашца дIасакхоьхьу шаьш эцнарг, боху Ахмадовс.

Шайн клиенташна ун ца далийта а, иштта шаьш Iалашдан а, оьшуш болу барамаш ларбо цара.

Дуьххьара нохчийн кегийрхойх тоба вовшахтоха Iалашо хилира "Австрера нохчийн наной" ("Чеченские матери Австрии") юкъараллан организацин жигархойн. Цара дIатуьйхира кегийрхой координацин центрах, болх кхерам а боцуш, сихонца бан аьтто хилийтархьама.

Коронавирус яьржинчу кху муьрехь Австрехь бехачу нохчийн хIара цхьаъ хилла ца Iа инициатива. Масала, "Австрерчу нохчийн а, гIалгIайн а Кхеташонан" Iуналлица волонтерийн тобано сурсаташ а, молханаш а латтадо гIо оьшучу нахана.

Кеп-кепарчу зерашца, Австрехь беха таханалерачу дийнахь 25 эзарна тIера 35 эзарна тIе кхаччалц нохчий.

Хьалха "Кавказ.Реалии" портало яздира, Нохчийчуьрчу мухIажарша Польшехь вирусан инфекцех ларвен медицинан масканаш тега йолорах.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG