ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело харцо лору ГIалгIайчуьрчу ненера йоI даяккхар


ГIалгIайчуьрчу яхархочун Губашева Асин арз теллина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. Цо бинчу сацамо бахарехь, Оьрсийчоьно талхийна Европан конвенцин 8-гIа дакъа – «Адаман а, доьзалан а дахарца лараме хилар». ГIалгIайчуьрчу кхело сацам биннашехь, бер нене дIа цакхачорна бехке бу меттигера пурстоьпаш.

2012-чу шарахь ГIалгIайчоьнан кхело Губашевага дIаяла сацамбина иза марехь хиллачо ядийна, Нохчийчу дIайигина йоI. Доьзал боьхна беран массех бутт бен боцчу заманахь. Иза ган ГIалгIайчу вахначу дас юха ца ялийна ша ненах къайлах йигина йоI.

Европан кхеле дов чуделларг ю Оьрсийчуьра "Бакъонан инициатива" тоба.

Губашева Асяс дийцира "Кавказ.Реалиига", ша Страсбургерчу кхеле ялале дуккха инстанцешка дехнера шена гIодар, оцу декъахь къаной а, муфтият а йолуш, амма ца бевлира гIодийраш, аьлла.

Европан кхело Оьрсийчоьнна тоьхначу гIуданах 12500 евро кхачош ду зудчунна.

Хьалхо "Кавказ.Реалиино" дийцина ма-хиллара, Нохчийчуьра а, ГIалгIайчуьра а пхи зуда леткъира Оьрсийчоьнан президентан гонехь берийн бакъо ларъечу векале Кузнецова Аннига, дуккха шераш ду кхелаша шайгахьа бина сацам Iедало кхочуш ца бен а, шаьш марехь Iийначу божарша шайга бераш дIа ца ло а, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG