ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Изоляцино чIогIа ницкъбина тхуна"


Оьрсийчоьнан регионашкахула дIасалело долара цирк Нальчикехь йисина. Шапитон куьйгаллин таро йоьхнера, дийнаташ дузо аьтто цахиларна. Орцахбевлира царна меттигера бахархой, яздо "Кавказ.Реалии" портало.

"Бала кхаьчначу Нальчикан бахархоша тоъал Iежаш а, жIанкаш а, жарж а беара тхуна. Кхин дIа йолчу ханна тхайх доглозучаьрга я бежанан жижиг, я зIакардаьхнийн жижиг эцар доьху оха", - дуьйцу цIоькъалоьмаш а, черчий а Iамочу Матчанов Рустама.

Цо бахарехь, жIалеш а, черчий а юзо хала дац, ткъа цIоькъалоьмашна даим а керла жижиг деза.

"Мы вместе" цIе йолчу боламан волонтераш бара циркана орцахбевлларш.

"Тхо реза дац акха дийнаташ циркан программашкахь лелорна, делахь а, хIокху чолхечу хьелашкахь шайн хIусамашна генахь бисинчу царна гIоьнна орцах ца довлуш Iойла дацара тхо", - дийцина "Кавказ.Реалиига" акцин жигархочо Зимак Вероникас.

Ставрополан кIоштахь чолхечу хьолехь нисъелла Ставрополехь а, Пятигорскехь а латтон долара ши зоопарк а.

"Изоляцино чIогIа ницкъбина тхуна, - боху директоро Кудинова Кристинас. - Зазадоккху-беттан 28-чу дийнахь дуьйнна болх сецна тхан. Цул а ши кIира хьалха дуьйна а вогIуш стаг вацара тхо долчу: нах кхоьрура. Цхьана баттана тоаме хир йолуш "лацаелла мохь" яра тхан, тIаккха Охан-бутт баллалц карантин латтор ю аьлла, хезча, гIо дийхира оха".

Хенал а хьалха билеташ дохка долийра зоопарко, шайгахь лаьттачу хьолах хьалха бовлархьама. Ши билет эца аьтто бара цхьана билетан мехах. Бакъду, зоопарк болхбан йолаеллачул тIаьхьа бен хьажа ван йиш яц.

"Дукха нах дог лозуш бевлира тхуна. Цара юург кхоьхьура, - дуьйцу Кудиновас. - Юьртабахаман директоро цхьа тонн ах тонн ялта деара тхуна. Цхьаммо 68 сом 56 кепек яьккхира тхан чоьта тIе - шайн дерг ца кхоадо тхуна".

Эпидеми бахьанехь зен хиллачу хьукматийн тептарехь ю зоопаркаш аьлла, билгалдаьккхина Кудиновас, делахь а, пачхьалкхо гIо дийр дара олийла дац боху цо.

Ала догIу, пачхьалкхийн цIарах йолчу зоопаркашкахь, ситуаци дукха аьхна ю. Хьалхалеррачу барамахь алапа а оьцу белхахоша, хьовсархой бацара оьхуш аьлла, зен дац хуьлуш дийнаташна а, бохуш дийцира БуьритIерчу зоопаркан белхахочо. Изза хьал ду ала мегар ду Нальчикерчу дийнатийн паркехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG