COVID-19 гучуяьлла ГIебарта-Балкхаройчохь 105 бераца. Дарбан хIусамашка диллина царах 25, дисинчара симптомаш а йоцуш лов ун.
Коронавирусана дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, махкахь Стигалкъекъа-беттан 5-чу денна вирус шайца хааелларг ву 820 вахархо. Товелла 136, кхо стаг велла. Лоьрийн Iуналлехь, цIахь, изоляцин хьелашкахь веха 1430 стаг.