ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов Хьабибан да Москварчу лоьрашна тIекхачийна


ХIинжа-ГIаларчу дарбан хIусаме виллина хилла Нурмагомедов Iабдулманап, вевзаш волчу латархочун UFC чемпионан Нурмагомедов Хьабибан да, Москварчу лоьрашна тIекхачийна, хаам бо РИА "Дагестан" агенталло.

10 де дара Нурмагомедов-воккхахниг пехийн лазарца ХIинжа-ГIаларчу дарбан №2 хIусаме виллина.

"Стигалкъекъа-беттан 3-чохь соьга цуьнан уллерчу гергарчо хаийтира, цунна цIеххьана вон хилла, аьлла. Кеманца Москва кхачийна иза. Суна хетарехь, дагца проблема ю цуьнан", - аьлла Олимпан категорин латархойн реферис, НурмагомедовгIеран доьзалца хьошаллехь волчу Османов Iубайдуллас.

Оьрсийчоьнан Лараме тренер ву 57 шо долу Нурмагомедов Iабдулманап.

Хьалхо Нурмагомедов Хьабиба кхайкхам баржийра дагестанхошка, коронавирусан пандемица долу хьал бегаше дац, изоляцин хьелаш лардан деза, аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG