ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Блогерна Абдурахманов Тумсона тIелеттарг тоьшаллаш дан волавелла


Нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона тIелатарна Швецин полицино лаьцна кхобу стаг тоьшаллаш дан волавелла талламхошна. Цо чIагIдарехь, иза бехке вац – мелхо а, жIов а карахь, Абдурахманов летта цунна тIе.

Оппозиционера-блогера шен YouTube-эфирехь хаийтина талламца долу хьал. Цо бахарехь, Швецин полицино довзийтина хеттамийн протоколан дакъа.

Лаьцначо дийцина, шена Абдурахманов а, цунна ша а вевзаш вара дукха хенахь дуьйна, ша Абдурахмановс кхайкхина вахара иза волчу хьошалгIа, ткъа цо шена етта йолийра, аьлла. Ткъа жIов ша блогерна дуьхьало еш йиттира, аьлла цо.

Абдурахмановна хетарехь, лаьцначо гIараяккхинарг ша вен иза араваьккхинчара, зуламна буха могIарера бахьана а диллина, политикан скандал ца эккхийта, кхоьллина верси ю. Блогер тешна ву, кара герз а ца луш, жIаьвнаца ша вен стаг хьажор а оцу Iалашонах доьзна хиларх.

Чиллан-беттан 26-чу дийнахь Швецерчу Евле гIалахь дира Абдурахмановна тIелатар. Официалехь йоцчу информацица, Оьрсийчуьра веана Мамаев Руслан ву иза динарг. Блогеро чIагIдарехь, Соьлж-ГIалара Iабдурахьман цIе йолу стаг ву киллер ваийтинарг. Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь Оьрсийчоьнан кхин ши вахархо а лаьцна Швецехь Абдурахмановна динчу тIелатарца доьзна.

Нохчийчуьрчу куьйгалхошна оппозицехь лаьтта блогер ву Абдурахманов Тумсо. Iедало шена тIе зуламаш хьерчо долийча битина цо даймохк.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG