ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь кхо стаг велла коронавирусах, керла дархо ву 519


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгаро дахар хадийна кхаа стеган, ун кхетта кхин а 519-нна.

Коронавирусана духьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, цхьацца стаг дIаваьлла Дагестанехь, Кхарачой-Чергазийчохь, Къилбаседа ХIирийчохь.

Краснодар-махкара бу дийнахь-буса шайца уггаре дукха ун хааделларш – 99 стаг. И терахь лахдаларе терра довзуьйту оха хьал:

  • Краснодар-мокх +99 керла (юхьанца дуьйна - 1732 стаг)
  • Дагестан +96 (2468)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +94 (1436)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +81 (1089)
  • Ставропол-мохк +56 (943)
  • ГIалгIайчоь +41 (1108)
  • Нохчийчоь +31 (705)
  • Кхарачой-Чергазийчоь +15 (478)
  • Адыгей +6 (212)

Верриг а цомгуш хилларг ву Къилбаседа Кавказехь 10 171 стаг. Велла уьнах 117 вахархо. Ерриг Оьрсийчоь схьаэцча, Оперативан штабо бахарехь, ун хааделла 187 859 стагехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG