ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша тIелаьцначу Францина пайде хилла Тамерлан


Бераллера схьа дуьйна Францерчу Ниццехь вехаш ву Беркханов Тамерлан. Дика дешна, цхьа говзалла кара а ерзийна, адамашна шегара пайда хилийта лууш вара иза жимчохь дуьйна. Шена тховкIело еллачу пачхьалкхана ша дикачу агIор гайтар уггар а коьрта дара цунна. Монакохь а, Сан-Тропехь а, Куршавелехь а, Ниццехь а, кхечу гIаланашкахь а виллаш ечу гIишлошъяран компанехь таханалерчу дийнахь болх бечу Тамерланца цхьаьнакхийтира Маршо Радион корреспондент. Ша хаьржина говзалла къастийначу студенташна цо дийцира, оцу белхан кIоргаллех. Жимачу стага бахарехь, карантинан гурашкахь а сецна бац церан болх.

XS
SM
MD
LG