ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Бухабиснарш цомгуш ца хилийта"


please wait

No media source currently available

0:00 0:03:39 0:00
Линкана тIе

Дагестанерчу республикан травмотологин а, ортопедин а центрерчу цхьана декъан куьйгалхо Iийначу Халитов Салима цхьалха пикет хIоттийра деношкахь ХIинжа-ГIалахь.

Ша болхбинчу меттигна хьалха лаьтташ цо караэцначу транспоранто бохура: "Аьшпаш буьтту министр коронавирусал а оьшуш ву!"

"Кавказ.Реалиино" хаьттира лоьре, низамо ма-хьоьхху цIахь ца Iаш, стенна ваьлла иза пикете, муха го цунна коронавирусаца долу Дагестанера хьал.

Стигалкъекъачу-беттан 11-чу дийнахь дара Халитов пикете ваьлча. Оцу дийнахь официалан терахьаша бохура, 2 772 стаг ву Дагестанехь уьно лаьцна. Къилбаседа Кавказехь йиллина хьалхарчу меттехь ю Дагестан бахархой цомгушхиларца.

- Стенна ваьлла хьо пикете?

- Соьга хаам бина, травмотологин центрера персонал уьнах цомгуш хилла аьлла, центран масех дакъа дIакъевлина, томографин компьютер а яц болх беш. Ас теллина хьал – дуьйцург дерриг а бакъ ду.

- Мел дукха бу центрерчу белхахойх цомгуш хилларш?

- Масийтта стагана тесто тIечIагIйина цамгар, 10 стаг ву пневмони йолуш. Дукха лоьраш цомгуш хилла кхузара.

- Компьютеран томографин аппарат а яц болхбеш?

- Ю, иза центре чубехкинчу арахьарчу пациенташна бен лелош яц. Цу тIе, цуьнца болхбан бакъо яц Роспотребнадзорера пурба доцуш – ткъа и пурба а дац делла.

- Пикете волуш хьайн транспоранта тIе йоза иштта стенна яздина ахь?

- Могашаллин министралло, ша дерриг а латтадо лоьрашна, пациенташкара коронавирусан ун царна тIе цадалийта, боху официалехь. Боху, массо а дарбан хIусамашкахь ду уьнах лоьраш ларбен духар, гIирс. Амма иза бакъ дац.

Кхин цхьа бахьана а ду сан орца деха – могашаллин министралло аьшпаш боьттина нахана, цо шо долалуш элира, цомгушчарна хIо луш йолу аппарат ма-оьшшу дIахIоттийна ша, амма иза а дац бакъ, ца хилча ца йолу Дагестанерчу пациенташна и аппарат.

- Дагестанехь коронавирус кхечу регионашкахьчул алсам яржар стенца дозу аьлла хета хьуна?

- Иштта ца хилча ца долура хьал – республикера хьаькамаш сов стешха, буьйда лийлира. Цундела даьржина кхузахь ун оццул шуьйра.

- Охан-беттан юьххьехь а ма бохура могашаллин министро, дерриг а долуш ду, шаьш кийча ду бохам юхабаккха.

- Бехира, бакъ ду иза. Амма вайна тахана го уьш кийча цахиллийла. Хьаькамаш махкара хьал девзаш бацарна ду дерриг а. Министро хьалххе кечам бан безаш хиллера дарбан хIусамийн куьйгалхошца цхьаьна. Хан йоцуш вацара иза дерг а, доцург а талла.

- ХIинца гIо до массара а. Могашаллин министралло а, министрийн кабинето а, сагIадечара а, фондаша а, блогерша а. Амма хIетте а ца тоьучух тера ду иза. ГIо хIора дийнахь доьху кIошташа. Хьо лоьран болх бина ву, хьуна хетарехь, муха беш хилла хьалха шайн болх дарбан хIусамаша?

- Масала, травматологин центран балхах лаьцна алалур ду соьга. Ас хьалха а баьхна иза, беза мах болчу белхан гIирсаца нахана ахча делча бен ца дора гIо. Ас мохь биттира оцу хьокъехь, амма ла ца дуьйгIира соьга. Мах белча бен пайда ца бора нахана кхузаман гIирсо.

Шо доладелчхьана схьа центро мехах лоьралла лелош даьккхина ши миллион сом ахча. Оцу ахчанах оьшшург оьцуш хиллехь, персонал уьнах Iалашъялур яра тахана. Амма ца эцна.

- Хьуна гарехь, муха тодалур ду тахана хьал?

- Шога режим хIотто еза хIинца, кхерамзаллин раж.

- Ткъа лоьраш а ма бац тоьаш, цунна хIун дан деза?

- Болуш болу медикаш Iалашбан беза. Уьно йожийна центран персонал толур ю, амма дерриг а дан деза бухабиснарш цомгуш ца хилийта.

Комментареш

New Comments Available

Москвара даймахка балийначу кегийрхошкара бехкаш даьхна нохчийн Iедалхоша юха а. Шуна нийса хетий, оцу кепехь Iедалхоша нехан юьхь яхар?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG