ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Инстаграмера Кадыровн аккаунт дIакъевлина юха а


Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а, Делимханов Адам а
Кадыров Рамзан а, Даудов Мохьмад а, Делимханов Адам а

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инстаграмера аккаунт юха а дIакъевлина, бахьанаш хууш дац аьлла, хаам бина "Кавказ.Реалии" портало. Иштта блок хIоттийна парламентан спикеран Даудов Мохьмадан а, вице-премьеран Висмурадов Абузайдан а, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман а аккаунташна а.

Республикерчу Iедалан векалша инстаграмера шайн агIонаш официалан яц олура, жигара уьш лелош йоллушехь.

Маршо Радионо яздира стохка а Кадыровн инстаграмера аккаунт дIакъовларх. Иштта 2017-чу шарахь а къевлира цуьнан фейсбукера шира агIонаш. Iамерко "Магнитскийн тептаре" Кадыров ваккхарца доьзна, блок тоьхнера социалан машанашкарчу цуьнан агIонашна.

Цул тIаьхьа Кадыровс дIахьедира, Нохчийчохь Mylistory аьлла, керла социалан маша кхолларх а, ша цу чохь аккаунт елларх а лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG