ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Футболхоша Карлос Робертос а, Это'о Самуэла а шайн фанаташка гIо дехна ХIирийчуьрчу йоIана


Персаева Арнелла
Персаева Арнелла

Инстаграмерчу шайн агIонашка язбеллачу нахе БуьритIерчу цомгашчу йоIана Персаева Арнеллина орцахдовлар дехна дуьненан футболан легендаша: Бразилерчу Карлос Робертос а, Камерунера Это'о Самуэла а. ХIинжа-ГIаларчу "Анжи" клубан хиллачу ловзархошка дехар дина церан клубехь волчу Къилба ХIирийчуьра Габулов Владимира. Дарба оьшучу йоIана жигара ахча вовшахтухуш гIо деш ву иза а.

Персаева Арнеллин ден а, ненан а чоьта тIе Кокорин Александра миллион сом даьккхинчул тIаьхьа, марафонах схьакхетта дуккха а футболхой. "Сочи" а, "Спартак" а клубаша вовшахтоьхна 2,4 миллион сом, "Аланис" дIакхачийна шегара 1 миллион сом.

Цул сов, иллиалархоша Крид Егора а, Киркоров Филиппа а, шоумено Ургант Ивана а, журналисто Познер Владимира а дехарш дира шайна аккаунташка язбеллачаьрга гIо доьхуш.

Шина кIиранчохь ПерсаевгIеран чоьта тIе даьккхинарг 100 миллион сом ду. ЙоIана дарбанна оьшучу Iамеркера Zolgensma препаратан мах 175 миллион сом ду.

Товбеца-баттахь ши шо кхочу Арнеллин, и хан тIехIоттале дан деза дарба, наггахь бен хуьлуш йоцу генетикан цамгар ю цуьнца - дегIо шена оьшу элементаш цакхиор.

Iамеркера деза молха схьакхаьчча а оьшу йоI баттахь кечъян – дегIо хала лов и препарат. Ткъа ахча гулдар чолхене даьккхина коронавирус яржарца доьзна хIоттийначу карантино а, валютин мах бестаро а.

Массех бутт бу хIирийн йоIана Арнеллина ахча гулдан долийна. СагIийна ахча делларш ца Iа ХIирийчуьра я Оьрсийчуьра хилла, дакъалоцу дозанал арахьа бехачу наха а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG