ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Фейсбукехь материалаш зорбане яхарна гIуда хьарчийна "Мемориалан" офисах


Фейсбукехь публикацеш зорбане яхарна гIуда тоьхна "Мемориална"
"Роскомнадзоран" протокол Москварчу кхело юха листинчул тIаьхьа. Бакъонашларъяран "Мемориал" центрна юха а тIехь диссина 300 эзар сом гIуда. ГIалгIайчуьрчу офисан центро информаци зорбане йоккхуш, шаьш "арахьара агент" хилар билгал ца даккхарна бехке озийнера уьш.

Маршо Радионо яздира, "Арахьарчу агентех" долу низам тIехтесна цара аьлла, бакъонашларъяран "Мемориал" центрна 300 эзар сом гIуда тоьхна Москварчу Тверскойн кхело аьлла. Цо тIечIагIдарца, твиттерерчу церан организацин агIон тIехь хIоттийна "арахьара агент" хиларан билгало ца хиллера.

"Мемориалан" юристаш реза ца хиллера кхелан сацамна. Цара билгалдаьккхира, шайн центран фейсбукехь шаьш материалашна репосташ бен еш яц аьлла.

Стигалкъекъа-беттан 15-чохь Тверскойн кIоштан кхело юха а теллира "Роскомнадзоро" бакъонашларъяран центран офисех хIоттийна протокол. Фейсбукерчу шайн агIонехь "Мемориало" хаам бо: "Юха листи. Кхелахо кхин вара, амма гIуда хьалхалерра 300 эзар дуьссу" аьлла, яздо "Кавказский узел" агенталло.

2012-чу шарахь тIеийцира Оьрсийчохь "арахьарчу агентех" низам. Цуьнца а догIуш, муьлхха а коммерцица йоьзна йоцу организаци, йа хуьлий иза юкъараллан болам, агентийн тептаре яккха бакъо яра, нагахь санна, политикан гIуллакхаш а лелош, кхечу пачхьалкхашкара ахчанаш цара оьцуш делахь.

Таханалерачу дийнахь "арахьарчу агентийн" реестрехь ю 150 сов организаци а, хаамийн гIирс а. Ю царлахь "Голос" ассоциаци а, "За права человека" болам а, бакъонашларъяран "Мемориал" центр а, къизаллашна дуьхьалоен Комитет а, Радио Свобода а, телеканалаш а "Настоящее время" а, "Голос Америки" а, "Общественый вердикт" фонд а, коррупцица къийсам латтон Навальный Алексейн Фонд а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG