Криминалитето шех Воккха Ислам олуш хилла 44 долу "тутмакхийн эла" Эдильгиреев Ислам кхелхина Соьлж-ГIалахь.
Цуьнан валар дузу цIеххьана цIий чехкадаларца.
Оьрсийчохь уггаре лакхара криминалан авторитет волчу "Дед Хьасана" ша валале хьалхатеттина лоруш вара Эдильгиреев. 2013-чу шарахь Желтой-махкахь хиллачу гIеран кхеташонехь "тажтиллинера" цунна.
"Кавказ.Реалиин" йолчу информацица, Нохчийчохь ду Iер-дахар криминалан "эланийн" Алиев Гиланин а (Гилани Седой), Батукаев Iазизан а (Азиз), Домбаев Ахьмадан а (Ахмед Шалинский).
Ткъа даймахканна юьстах беха нохчех болу криминалан авторитеташ Ахмадов Хьусайн а (Хусейн Слепой), Довтаев Абу а (Абу), кхиберш а.
ГIеранийн "эланашка" болу шен хьажам бовзийтира цхьа хан хьалха Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Ас тIе ца оьцу "гIеранийн низамаш". Нохчийчуьра "эланаш" гул а бина, махкахь шун "низамаш" лелаш дац шуна, уьш дуьтур ду аш, аьлла ас цаьрга. Нохчийчохь кхин а дика низамаш ду лелаш, уьш коьрта ду", бохура Кадыровс.