Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан информацица, тIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 28 вахархо, ун кхетта кхин а 499 стагана.
Беллачех Дагестанера ву 24 стаг, ГIалгIайчуьра а, Ставропол-махкара а – шишша. Юьхьанца дуьйна схьа Къилбаседа Кавказехь уьнах кхелхина 218 вахархо.
ТIаьххьарчу дийнахь-буса коронавирус кхетта:
- Дагестан +109 (верриг а 3 855)
- Краснодар-мохк +92 (3 066)
- ГIебарта-Балкхаройчоь +71 (2091)
- Къилбаседа Х1ирийчоь +69 (2 456)
- Ставропол-мохк +53 (1 781)
- ГIалгIайчоь +44 (1 692)
- Адыгейхь +30 (519)
- Нохчийчохь +20 (1 046)
- Кхарачой-Чергазийчохь +11 (712)
17 218 вахархочуьнгахь карийна COVID-19 Къилбаседа Кавказехь. Ерриг а Оьрсийчохь ун хьакхаделла 326 448 стагах.