ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш COVID-19 дуьхьал кечйина вакцина шайна тIехь зийна Москварчу эпидемиологин центрерчу Iилманчаша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Гамалеян цIарахчу эпидемиологин а, микробиологин а Халкъан талламан центрерчу белхахоша шайна тIехь зийна шаьш коронавирусана духьал кхоьллина вакцина, яздо "Интерфаксо", центран директорна, Оьрсийчоьнан Iилманийн академин академика Гинцбург Александра еллачу информацина тIе а тевжаш.

Гинцбурга дийцарехь, вакцина шайна тIехь зуьйш дакъалаьцна иза кхоьллинчара а, юхьанцара талламаш дIабаьхьначара а, технологаша а. Цхьа а вац царах вакцино могашалла эшийна, "массо а ву дийна, могуш-маьрша, шайн балхах воккхавеш ", - аьлла Гинцбурга.

Iилманчас бахарехь, вакцина кхоьллинчара иза деккъа дIа шайна тIехь зерхьама ца тохийтина шайна, "пандеми лелачу муьрехь шаьш уьнах Iалашдархьама, маьршша шайн болх дIабархьама" тохийтина.

Яьржина лелачу керлачу коронавирусан ген йоьзна оцу Центрерчу Iилманчаша ДНК-н аденовирусах – иштта кхоьллина ю кхин а ехха талла езаш йолу вакцина. Цомгушчарна тIехь цкъачунна зенза ю иза. Академика Гинцбурга бахарехь, масех бутт баьлча кийча хир ю Центро кхоьллина вакцина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG