ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карантинан раж гIелйина дуккха а Европерчу мехкашкахь


Испани
Испани

Цхьа могIа Европерчу пачхьалкхашкахь оршотан дийнахь дуьйна, Стигалкъекъа-беттан 25-чу дийнера схьа, коронавирусан инфекци бахьана долуш юкъадаьхна карантинан дехкарш гIелдина.
Мадридехь а, Барселонехь а магийна доттагIашца а, гергарчаьрца а вовшахкхета, схьайоьллуш ю урамашкахь хIиттийна ресторанаш а, бараш а. Хьалхо раж малйинчу Испанин цхьайолчу регионашкахь кхин а маьрша даьлла дIасалелар. Пляже баха магийна бахархошна, нагахь санна, социалан дистанци ларъеш хилахь.

Италехь болх бан йолаелла спортан хIусамаш а, бассейнаш а. Цхьа могIа провинцешкахь самукъадаккхаран центраш а, хьешан хIусамаш а, лело машенаш ло меттигашкахь а болх бан юьйлаелла.

Чехехь болх болийна кафеша а, ресторанаша а, иштта отелаша а, юьхьанцарчу классашкахь дешар а долийна. Цул совнах, масканаш лелор а юкъарадаьккхина – нах гулбеллачу меттигашкахь а, транспортана тIехь а бен лело ца оьшу уьш.

Желтойн махкахь а, Германехь а схьайоьллуш ю нахана хьашташ латтон сфераш а, кафеш а, ресторанаш а.

Метрополитен болх бан йолаелла Украинехь. Масех де хьалха малдинера цигахь карантинан низамаш.

ТIаьххьарчу кIиранашкахь керла инфекци яьллачу нехан терахь де дийне лахлуш ду Европерчу дукхаболчу мехкашкахь. Иштта кIезиг бу леш болу нах а. КарабогIучу беттан 15-чохь, дийцарехь, схьадоьллур долуш ду Шенгенан зонерчу пачхьалкхашна юкъара дозанаш. Хууш дац арахьарчу мехкашка ваха бакъо маца лур йолуш ю.

Worldometers сайтан зерашца, верриг а Европехь, Оьрсийчоь а лерича, Стигалкъекъа-беттан 25-чу дийнахь къаьстина коронавирусан инфекцица 1 миллион 900 эзар сов стаг. Царах 883 дархочунна дарба хилла, 170 эзар гергга стаг кхелхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG