ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадырова Айманина тоьлла байт ешначунна - iPhone 11


Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан нанна, Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан президентана Кадырова Айманина хастамаш беш, тоьлла байт ешначунна совгIаташ лур ду аьлла, конкурс дIакхайкхийна республикехь.

Хааме даьккхина "Грозный Информ" агенталло. Оцу къовсамехь дакъалаца кхойкху 14 шаре бевлла кхиазхой, инстаграмерчу кху аккаунташка язбелла хила безаш бу, конкурсан билламашца: @ya_pomoshnik_kra_95, @kadyrov_news95, @kadyrov_family, @team.kadyrov_95.

Оьрсийн йа нохчийн меттанашкахь дIайоьшу байт дIаязйина хила еза видеоца. КарабогIучу беттан 20-чу дийне кхаччалц йиллина хир ю конкурс.

Хьалхара меттиг яьккхинчунна лур ю iPhone11 смартфон, шолгIачу меттигана диллина Apple Watch сахьт, 3-чу меттигана - Apple Airpods 2 олу Bluetooth ладугIургаш лур ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG